Iабдуррахьман ибн Iавф ибн Iабд ибн аль-Хьарис ибн Зухрат ибн Киляб ибн Муррат ибн Къаб ибн Луайу ибн ГIалиб аль-Къурайши аз-ЗухIри дуьнен чу ваьлла Йеменерчу паччахьа Абрахьис Маккина декъаза тIелатар динчу Пийллин шарал тIаьхьа итт шо даьлча.

Абу Мухьаммад олуш хилла цунах. Ткъа бусалба дин тIеэцале Iабд аль-Каба олий йоккхуш хилла цуьнан цIе.
Бусалба дин тIеэцначул тIаьхьа Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цуьнан цIе хийцина, Iабдуррахьман цIе а туьллуш.
Iабдуррахьман ибн Iавф дийна воллушехь ялсаманица кхаъ баьккхинчу итт сахьабах (асхьабех) цхьаъ ву.
Iумар ибн аль-ХаттIаб бусалбанийн паччахь волчу хенахь цуьнан (шура) кхеташонна юкъахь хиллачу ялх асхьабех цхьаъ а ву иза.
Цо Ислам дин тIеэцна Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бусалбанаш аль-Аркъам волчохь вовшахтоха болабале хьалха. Иза бусалба дине валийначех цхьаъ Абу Бакр ас-Сиддикъ ву.
Бусалба дин тIеэцначул тIаьхьа Абу Бакр АллахIан дине кхайкха волавелира ша тешаш мел верг.
Дукха нах оьхура и волчу, цунах дагабовла. Цо Исламах лаьцна дуьйцура ша волчу мел веанчуьнга я шена улле охьа мел хиинчуьнга. Кхечу асхьабашца цхьаьна цо Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу валийра Iабдуррахьман а.
Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) царна Исламан хьокъехь дийцира, Сийлахьчу Къуръана тIера аяташ дийшира.
ТIаккха уьш цунах тийшира, цунна тIаьхьа хIиттира. Iабдуррахьманан 30 шо дара цо бусалба дин тIеоьцучу хенахь.
Шозза хIижрат дан дийзира цуьнан. Эфиопе хIижрат диначарна юкъахь вара иза. Юха, Нуьречу Мединате хIижрат а дира цо.
Цига уггаре а хьалха дIакхелхинчу асхьабашна юкъахь вара Iабдуррахьман ибн Iавф. Вай хьахийна ма-хиллара, Мухьаммад Пайхамара (Делера саламмаршалла хуьлда цунна) шена уггаре хьалха тIаьхьа хIиттинарш альАркъам волчу цIахь вовшахтухура.
Цигахь царна бусалба динан баххаш Iамадора, уьш гIиллакхе, оьзда, собаре хила Iамабора. Царна юкъахь вара Iабдуррахьман а. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) боккха тIеIаткъам бира цунна, цуьнан кхетамна.
Цо бина тIеIаткъам гучубелира Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цунна шен бусалба ваша СаIд ибн аль-РабиIа вовзийтинчул тIаьхьа. Цаьршинна юкъахь вежараллин марзо, уьйр чIагIъелча, СаIдас шен бахамах ах бахам цунна дIало ша элира.
Амма ша чIогIа къен воллушехь, иза схьа ца оьцуш дуьхьал велира Iабдуррахьман. Иза дукха хала реза вира СаIдас. Шен массо а хIума Маккахь дитина схьавеана ма вара иза. ХIетте а дуьненан бахаме сатесна вацара.
Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бинчу тIеIаткъаман тIаьхье яра иза.
Цул тIаьхьа а, цуьнан дерриге а гIуллакхашкахь а хаалуш бара Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бина тIеIаткъам а, ткъа цо кхетош-кхиийна хиларан беркате тIаьхье а.
Махлелоран гIуллакхна чIогIа говза вара Iабдуррахьман. Цунна тайнера махлелор. Мединатехь мах лелош боккха бахам вовшахтоьхнера цо. Иза кхелхинчул тIаьхьа цунах йисинарг цхьа эзар эмкал, кхо эзар уьстагI, бIе говр яра, дуккха а кхиболу бахам а бара.
Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) СаIд а, Iабдуррахьман а ши ваша ву аьлла дIакхайкхийначул тIаьхьа цо СаIде дехар дира ша Мединатерчу базара вигахьара, аьлла.
Оцу дийнахь шена хиллачу санах даьтта а, кIалд а эцна цIа веара иза. Цо кест-кеста олура: «Нагахь санна аш тIулг хьалаайъича, суна оцу кIелахь а деши карор дара».
Iабдуррахьман ибн Iавф чIогIа майра стаг вара. Цуьнан майралла а, доьналла а гучуделира Ухьудехь тIом хиллачу дийнахь.
ТIом болчу дийнахь, тIеман арара ца йодуш, Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) юххехь йисина хиллачу жимачу тобанца цхьаьна вара иза.
Оцу дийнахь мостагIий цунна тIе ца кхочуьйтуш дера лийтира Iабдуррахьман. Лийтира шен дегI а, са а ца кхоош.
Бусалба дин тIеэцначул тIаьхьа Iабдуррахьман, кхиболу дуккха а бусалбанаш а санна, уьш сий-лараме адамаш хиларе хьаьжна ца Iаш, хьийзийна а, ницкъ бина а вара цIуьйшна кортабеттачара. IабдуллахI ибн Абу Iавфа дийцина Iабдуррахьман ибн Iавфа Делан Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Халид ибн аль-Валидана арз дира, аьлла.
ТIаккха, Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Халиде аьлла: «ХIай Халид, ахь вас хIунда йо Бадрунехь хиллачу тIамехь дакъалаьцначунна? Дикачу гIуллакхна Ухьуд лам санна дукха деши ахь дIадаларх цуьнга кхачалур ма вацара хьо» (Ибн Хьиббан).
Iабдуррахьман ибн Iавф дуккха а ваьхна хIокху дуьненахь. Иза чIогIа дика бусалба а хилла.
Ша кхалхале хьалха къаьхьа вилхина иза. Цуьнга хаьттина хьо стенна воьлху, оццул чIогIа хьо велхаран бахьана хIун ду? Оцу хаттарна жоп луш цо дийцина: «Мусаб ибн Iумайр сол дика вара. Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) заманахь (иза дийна волуш) кхелхина иза. Ша дIаволла, ур-атталла, марчо а ца хилла цуьнан. Хьамза ибн Iабдал-МутIалиб сол тоьлашха вара. И дIавуллуш хьарчо марчо ца карийра тхуна. ХIокху дуьненахь дерриге а диканаш АллахIа деллачех суо хиларна кхоьру-кх со. Иштта со кхоьру сайн боккхачу бахамах ас сайн доттагIех цхьаъ хьулйина хиларх».
Iабдуррахьман ибн Iавф хIижрат динчул тIаьхьа 31-гIа шо доладелча Мединатехь кхелхина.
Кхелхачу хенахь цуьнан 75 шо хилла. Иза дIавоьллина Аль-Бакъи цIе йолчу кешнашкахь.
Iабдуррахьмана дина весет кхочуш а деш, цунна докъа-ламаз дира Iусман ибн Iаффана.
С.ХУСЕЙНОВ
№97, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де