Къона шиъ вовшахкхета де

– Вайн халкъан гIиллакхийн хазнашна юкъахь къаьсттина мехала а, оццу хенахь экаме а ду зуда ялоран гIиллакхаш, хIунда аьлча, керла доьзал кхоллабаларца доьзна ду уьш. Шаьшшиннан дахаран некъаш цхьаьнатоха сацам хиллачу йоьIан а, кIентан а юкъаметтигаш чIогIа экаме хуьлуш ю.

И юкъаметтигаш тоеш, хазъеш, аьхна еш нийса накъостий а, гергарнаш а хила беза церан. Маггане а мегар дац дийцина, дина даьллачу захалонна новкъарло хир йолу хIума дийца. «Эларий», «бахарий» ца лало къона зIийдиг таса гIертачу гергарлоне. Муьлхха а захало йоI маре яхарца, кIанта зуда ялорца доьрзуш хаза ду.

Иштта хила а деза. Вайн гIиллакхашца йоIа хан юьллуш ду. Йиллина хан тIекхачале кIанта шен цIерачаьрга а, йоIа шен цIерачаьрга а хаийта деза, шайн къайле яста еза, – дуьйцура Воккха-Дадас шена дуьхьал хиъна Iаш волчу Бексолте. Иза дийцар шен метта а дара.

Кхиъна ваьлла кIант вара цуьнан. Иза зуда яло лууш ву, йоIе хан йиллийта дагахь ву бохуш дийцинера цунна хIусамнанас.

Оцу хьолехь ша хIун дича бакъахьа ду аьлла хатта, цунах дерг шена хьехийта веанера иза Воккха-Дада волчу. Цундела, дайн Iадаташца, гIиллакхашца догIуш дерг а, доцург а дуьйцура цо.

– Бакъахьа хир ду гIуллакх, хан а йиллина, ялорний, йигарний тIедалале и йоI хьенан, мила ю хьаьжча, царна шаьш а довзийтича. Я хьо, я хьан ваша, хьайн хIусамненаца оцу нахе вахийта, царна жимма совгIатанасагIина хIума а хьош, шаьш а довзуьйтуш, шайн кегийчеран юкъаметтиг а хьахош.

Шайн амалш цхьаьна йогIур ю-яц а хуур ду шуна. Уьш а бевзар бу, шаьш а довзуьйтур ду. «Тхуна ца хаьарий, тхуна хиънехь…» бохург дIадер ду. ТIаккха йоIана цара а, аш шайн кIантана а паргIато лур ю гергарлонан маша буоза, хан йиллийта, ялор-йигарх дерг дийца…

Йиллина хан тIекхаьчча, шеца цхьаьна нус, я йиша, зударех милла а цхьаъ йолуш, шен хIусамера араер ю йоI. Уьш арабовла ларбеш зуда ялочун гергара йоI а, кIант а хуьлу.

Нускал арадаьккхиначунна кара совгIатана хIума а кховдайой, АллахIан еза цIе йоккхуш, «Бисмилла» а олий: «Тахана дуьненахь, кхана догIу долчу Къематан дийнахь а тховса (тахана) дуьйна сан йиша а, нус а ю-кх хьо, хIара стигаллий, латтий теш а долуш», – аьлла, араяьллачу йоьIан куьг схьалоцуш гIиллакх ду вайн.

Иза аьллачунна тIедужу иза ларъяр. ХIинца-м наггахь бен хуьлуш дац нус йоссор. Ялошшехь шен марзхойн керта ялайо нус.

Цуьнца а дуккха а дика агIонаш ю, хIара чолхе, сиха зама хьесапе эцча. Нус йоссоран IалагIожаш ца еза-кх тахана, иза хаза гIиллакх делахь а. Хьалха нус, дукха хьолахь, ненаваша волчохь йоссош яра я и яло вахана доттагI Iаш волчу хIусаме.

Доккха жоьпалла тIедужуш гIуллакх ду иза. Цул тIаьхьа мел дукха хан яларх, уьш мел дукха бахарх царна юккъера уьйр-безам гIелбала амал доцуш, гергара нах хила безаш бу уьш.

Цу тайппана араяьлла йоI схьаялийначу буьйсанна, ца кхиахь, шолгIачу Iуьйранна йоI йолчу дега-нене хаийта стаг вахийта везаш ву.

Гуттар чIогIа дика хир ду оцу буса иза вахийтича. ЙоьIан дена-нанна синтем хир бу цунах. Вахийтинчо цаьрга, герггарчу хьесапехь, иштта ала деза: «Шун йоI, Эсет, хьенехан кIанте еана, ша реза а йолуш».

Нагахь цхьанхьа йоссийна елахь: «Шун йоI хIокху хьенехагIаьргахь йоссийна ю. Уьш минехагIеран лулахь (ураман цIе йоккхуш) Iаш бу» аьлча нийса хир ду.

Зуда ялийначул тIаьхьа, иза цхьанхьа йоссийна елахь а, я марзхой бехачу керта схьаялийна елахь а, хьем ца беш чекхдаккха дезаш ду там-мах барца доьзна дерг. Оццу дийнахь иза чекхдаьккхича гуттар а дика ду, хIунда аьлча, зуда стеган цIартIе ца йолу мах баллалц.

Делахь-хIета, вайх, бусалбанах волчу жимачу стеган (зуда ялийначун) бакъо яц ша ялийначунна юххе ваха, ша цхьаъ цуьнца цхьаьна виса. Вайн заманахь, зуда ялошшехь марзхойн керта ялош хиларна, дукхах болчара (зуда) йоI маре яха арайолучу дийнахь чекхдоккхуш ду мах-там барца доьзнарг. Юьртарчу маьждиган имамана тIехь ду и гIуллакх чекхдаккхар.

Там хьахийначохь йоьIан верасаша: «Вайна юкъахь хIинца гергарло тасаделла. Иза лардан хьовса деза вай, ваьшна товраш, темаш ца лоьхуш. ДIа-коч, схьа-коч ца бохуш, керла доьзал дIанисбан хьовсур ду вай», – аьлча гIиллакхе хир ду.

ГIиллакх-гIуллакх, комаьршалла гайта киртигаш дахарехь дукха нислур ю царна. Нохчаллех хербеллачу цхьаболчу сутарчу наха (божарша) там хьахийча, и гIуллакх зударийн кара ло. Оцо цкъа а, цхьанна а юьхькIам ца бо. ЙоIа дина маре йохк-эцаран тIегIане доккху. Иза магийта ца деза, хIунда аьлча захалонан мах дуьненан дохнаца хадалуш бац!

Ялийна нус мардена гучуйоккхуш а, несана урдо билгалдоккхуш а Iадат, гIиллакх ду вайн. Хьалха урдона юккъерчу барамехь долу бежана луш хилла. Кхо шо кхаьчна я дуьххьара дехкина (дуьхьарг) бежана луш хилла несана.

Тахана-м юкъара дIадаьллачу новкъа ду иза. Лаьмнашца йолчу цхьайолчу ярташкахь а ур-атталла урдона бежана, шинара делла олуш ца хеза. Коьртачу декъана хIинца урдона луш дерг ахча ду. Иза оцу нускалан (несан) долахь ду (ахча делахь а, бежана делахь а).

Цуьнан пурбанца, лаамца бен урдона деллачунна тIекховда бакъо яц цхьаьннан а. Цунах дерг ца хьахийча ца долу хIокху къамелехь…

– Воккха-Дада, зуда ялош герз кхоссар муха лелош хилла-те вайн дайша, тIаьхьарчу хенахь санна эвхьазадаьккхина хиллий и гIуллакх? – хаьттира Бексолтас.

– Ца хилла хьа ваха, хиллане а-м. Хьалха, вайн дайша, доссийначуьра нускал арадаьккхина хилар хоуьйтуш, топ-тапча кхуссуш хилла. Замой новкъабовларан билгало хилла иза. ШолгIа герз дожош хилла кирхьа кхача дезаче дIакхаьчна хилар хоуьйтуш. КхоалгIа герз кхуссуш хилла нус марзхойн керта кхаьчча. Амма юьртахь тезет даьлла меттиг хилча герз кхуссуш ца хилла.

Иштта герз кхуссуш ца хилла юьртахь чIогIа лазархо хилча а. Патармийн мах адаман дахар лерина болчу вайн дайша чIогIа лардина и гIуллакх. Тахана цхьа а маьIна а, бахьана а доцуш кхуьйсу герзаш.

Зуда ялийначохь, зуда дIаерзочохь лелош дерг тIех осала хIума ду. И хьал ца хилийта (нус цIа яло) зуда яло боьлхучаьрца цхьа воккханиг вахийта веза. Цо бохург дан деза къоначара.

Вайн гIиллакхашца данне а догIуш дац нускал далош машенаш дукха гулъяр, машенаш, цIе яьлча санна, сигналаш етташ, мох санна чехка хехкар, царна чохь болчара осала цIогIанаш деттар, герзаш дассор. Дика болх ца бохьу цо.

Вайн халкъан амалца догIуш а дац иза. Вайн амалца догIуш доцург вайна хийра дерг лелон ца деза.

Къона шиъ вовшахкхеташ долу де оцу шинна а, церан дай-наношна а, верасашна а, юьртана а ирсе, самукъане хилийта хьовсар вайна массарна а тIехь ду.

Цундела ницкъ ма-кхоччу иза иштта хилийтарехь вайга далуш долу дика дан хьовса деза вай. Нохчийн халкъан кхин а цхьа доьзал ма бу кхоллалуш, керлачу дахарна хIу тосуш берг.

Дала беркате, ирсе, токхе дойла вайн къоначеран дахар. Вайн дайн оьзда гIиллакхаш лардар, ийманехь чIагIдалар лойла царна Везачу АллахIа, – дерзийра шен къамел Воккха-Дадас.

Бексолтин дагна боккха хьаам хилира цунах.

№97, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: