Нохчийн Республикехь дӀахьош ду Коми Республика кхоьллина 100 шо кхачарна лерина культурин денош.
Хьалхара де дIадолийра «Вайнах» концертан залехь Коми Республикин пачхьалкхан «Асъя кыа» ансамблан солисташа Къилбаседан мехкан иллеш аларца.
И гӀуллакх кхочушдар федеральни «Тхо – Росси» программин гурашкахь хилира.
Билгалдаккха деза Коми Республикин 100 шо кхачарна лерина къилбаседа мехкан культура а, туризман таронаш а йовзийтарехь вайн республика бархӀалгӀаниг хилла хилар.

Концертехь дакъалецира Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис, Комин Республикин культурин а, туризман а, архиван гӀуллакхийн а министра Емельянов Сергейс, Нохчийн Республикин туризмехула волчу министра Байтазиев Муслима, Россин Федерацин хьакъволчу арстиста, Коми Республикин пачхьалкхан «Асъя кыа» ансамблан исбаьхьаллин куьйгалхочо Бушуев Дмитрийс, Коми Республикин пачхьалкхан филармонин директора Балмастова Марияс.
Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис баркалла элира Россин культурин министерствона концерт вовшахтохарехь гӀо дарна.
Ишттачу культурин мероприятеша халкъийн барт чӀагӀбо, вовшийн культураш йовзуьйту.
«ХӀоьттина долу пандемин хьал бахьанехь, мелла а яцъян дийзира культурин программа, делахь а, тхо тешна ду, хӀинцалера шун гастролаш Соьлжа-ГӀалахь тӀаьххьарлера хирг цахиларх», – элира Х-Б.Дааевс.
Концертан программехь яра «Комин байташ», «Лайн фантази», «Сайш лелорхойн дезде» аьлла йолу вокальни-хореографин постановкаш.
Цул сов, хьовсархойн аьтто хилира «Ӏалам. Ламасташ. Адамаш» суьртийн гайтаме хьовса.
Къилбаседан мехкан шатайпана Ӏалам, культура, ламасташ довза боккха аьтто бу Коми Республикин денош Нохчийчохь дӀадахьар. Коми Республика къилбаседера мохк бу.
Цигара нах сайш лелош, шийла яра аьлла ца Ӏаш, шайн къоман культура Ӏалашъеш, мохк кхиош бу.
Йоккха ю Комин Республикин делегацин культурин программа. Уьш кхочур бу ГIебартойн-Балкхаройн а, Къилбаседа-ХӀирийн а, Дагестанан а республикашка. Шайн коллективан «дашочу фондан» номерш гойтур ю цара.
Хьешашна йовза лиира нохчийн къоман культура. ШолгӀа де Нохчийн Республикин къоман музейхь даьккхира цара.
Комин Республикин культурин а, туризман а, архиван гӀуллакхийн а министр Емельянов Сергей коьртехь волу делегаци яра Къоман музей а, республикин культурин хӀолламашка а хьажа лаам болуш.
Царна хьошалла дира Нохчийн Республикин культурин министран заместитела Мелькиев Рустама а, Нохчийн Республикин къоман музейн директора Асталов Вахас а.
Хьеший, боккхачу тидамца, хьаьвсира нохчийн халкъан истори а, культура а гойтуш йолчу экспозицин-гайтаман залашка.
Суьрташ тӀехь: концерт схьаеллар а, Къоман музейхь цхьаьнакхетар а
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№97, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де