Дархойн хьашташ кхочушдар тIеттIа толуш ду

Теркан кIошт вайн регионехь уггаре а яккхийчарах цхьаъ ю. Кхузахь Iаш ву 63 эзар сов вахархо. Церан могашаллина гIаролехь лаьтташ бу кIоштан коьртачу больницин лоьраш а, медйижарий а.

Нохчийчохь уггаре а ширачех йолчу хIокху больницехь бертахь болх беш йоккха коллектив ю. Зеделларг долчу лоьраша шайна балхахь зеделларг къоначарна дIадовзуьйту. Цара цунах, шайн говзалла шаръеш, пайда а оьцу.

Больницехь болх беш, ярташкахь наггахь бен хуьлуш воцу кардиолог, эндокринолог, уролог, травматолог, офтальмолог ву.

Кхуза хаза а хеташ болх бан богIу къона говзанчаш. Царах цхьа а гIала дIаваха а ца гIерта, хIунда аьлча, республикин могашаллаIалашъяран министерствон гIоьнца а, куьйгаллица а дика хьелаш кхоьллина болх бан, кхачо йина кхузаманан гIирсашца.

Больницин чоьнаш цIена а, аьхна а ю. лоьрийн а, медйижарийн а говзаллаш лакхайохуш тайп-тайпана лекцеш йоьшу, конференцеш дIахьо Москвара, Ростовера, Нальчикера, мехкан кхечу гIаланашкара говзанчаш кхойкхуш.

Ишттачохь, хаарш алсамдаьхна ца Iаш, зеделларг вовшашна довзийта аьтто а болу. Ткъа оцу дерригено а гIо до бахархойн могашаллица доьзна долу хьашташ кхочушдаран дикалла лакхаяккха.

Дарбанаш даран хIокху учрежденехь болх беш хирургин, кардиологин, инфекционни, терапевтин, гинекологин, берийн, паллиативни, кхин а отделенеш ю.

Цхьана хенна 200 стаг охьа а вижийна дарбанаш лелон аьтто бу кхузахь. Аьлча а, 200 маьнга бу кхузахь. Кхин а 160 маьнга бу дийнан стационарехь.

Цигахь дийнахь шайна дарбанаш а дойтуш, цомгашнаш суьйранна шайн цIа баха, буьйса шайн доьзалшна юкъахь яккха йиш йолуш бу.

«Больница шо-шаре даларца кхуьуш йогIуш ю. ХIокху шеран хьаьттан (август) баттахь кхузахь схьайиллина берийн поликлиника. Иза кхо гIат долуш гIишло ю. Цигахь лоьрийн хIора дийнахь 500 гергга бер тIеэца, церан могашалле хьажа аьтто бу. Поликлиникехь цомгашнаш тIеоьцуш 44 кабинет ю. Царна юкъахь педиатрин, хирургин, ортопедан, отоларингологан, офтальмологан, стоматологан, цхьамогIа кхин кабинеташ ю. Уьш ерриге а кхузаманан тоьллачу медицинин гIирсашца кхачойина ю. Берийн поликлиника схьаелла аьтто хир бацара нагахь санна Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан Нохчийчоьнан могашаллаIалашъяр кхиоран хьокъехь хаддаза гIайгIабеш вацахьара», – бохура Теркан кIоштан коьртачу больницин коьртачу лоьро К.Джабраиловас.

Д.ПАШАЕВ
№97, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: