Шахабов Сайд-Селим вина 1989-чу шарахь Хьалха-МартантIехь. Карарчу хенахь циггахь Iаш ву. Нохчийн мотт безаш, литературица гергарло долуш ву иза.
2010-чу шарахь дуьйна байташ язъеш ву. Цуьнан поэзи шатайпаналлица къаьсташ а, нохчийн къонахчун амалшца йогIуш а ю.
***
Ца догIучохь хьалха кхуьйсуш,
Ала дезча – лечкъадеш,
Каро гIерташ, гуонаш туьйсуш,
Аьлла даьлча – лар ца деш,
Гергахь дайча – гома хьуьйсуш,
Гена даьлча – мохь бетташ,
Хьакъ мел воцчо маттехь луьйсуш,
Iазап токхуш ду хьо, ДОШ.
***
Цхьаволчо дешнашца боккхур бу мел,
Кхиволчо къа дийр ду вицвина Дела.
Iовдалчо тIулгашца чов ечохь цхьанна,
Говзанчас бIаьвнаш йо массо а ханна.
***
Гена мел даьхнариг герга а догIуш,
Гергахь мел сецийнарг чIир кхобуш ду,
Зама а, дахар а зеделла бохуш,
Тешаш мел лелларг а бехк кхобуш ву.
***
Дагах а дихкина сел хьоме лоруш,
Лардинарг бекхамца дог дууш ду.
Куьг тесна дитинчо, ког тосий вожош,
ГIалато гIалатех чIир оьцуш ю.
***
Мел тайна хуьлу дош говзачу маттехь,
Мел дайна хуьлу и шен йоцчу меттехь.
Шен хоршахь аьллачух гIаланаш хIуьтту,
Бен доцуш даьллачух гIайгIанаш гIуьтту.
***
Мел гома хьежарх а хьагI-бIаьргаш хьайга,
Цкъа а ма хьажалахь бекхаме цаьрга.
Гуьйренан йочанна бехкаш ахь дахкахь,
Аьхкенан малх а хьох гена дац къахка.
***
Дешел а хазло дош говзачу маттехь.
Дашал а дазло и шен йоцчу меттехь.
Кхетамца аьллачо баркаллаш кхоьхьу,
Кхетамза даьллачо жоьпалла оьхьу.
***
Бендацарх чIагIделла тIулган дог дашшал,
Iаь хазчу дешнашца тешнабехк боьлу,
Тешамо цкъа а ца хьистинарг тешшал,
Говза ду къамелаш, сема дог-м доьлу.
Мотт хуург кханено тахана хьашшал,
Къамелан заманах селхане йоьлу,
Тешавеш лелачу хазачу дашал,
ГIийлачу гIуллакхехь дерг ду-кха тоьлуш.
***
Дикачу гIуллакхан гIийла мах хадош,
Дог хьостуш ала дош ца кардечунна,
Вон долчун буьззина ши мах а хIоттош,
Дог достуш дийца ма карадо цунна.
***
Бух боцчу къамелехь бохь-лакхе лоьцуш,
Цхьаъ ву сан бевзачех – дош аьрта амал.
Ша дуьйцург бакъхилар коьрта а доцуш,
Тоам беш ас бохург харц хилчахьана.
***
Со оьгIазвахча бен айхьа деш доцу,
Диканаш цул тIаьхьа ма де со эца.
Соьгара вас хилча тIаьхьало йоцу,
ДоIа а ма делахь со дагалеца.
№97, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де