Илланча

Бетелг

Дукха хан ю Бетельгериев Хьусайнан иллеша вай лерса хьоьсту. Шатайпаналлица къаьсташ, башха аз ду илланчин. Дуьххьара Хьусайн вевзира чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран дезткъалгIачу шерашна юккъехь. «ДIа ма гIохьа хьо» цIе йолуш дара, шен исбаьхьаллица вай йийсаре лаьцна, цуьнан дуьххьарлера илли. Безамах лаьцна дара иза. Амма хIинццалц вайна хезначарех тера доцуш, кIорггерчу драматизмаца, далхочунна декъа ийзош, цхьа башха илли дара, автор вовза лаам кхуллуш а. Иза мила ву, мичара ву, дуьххьарлерчу иллица ладогIархойн синкIоргене кховда цуьнан ницкъ, похIма муха тоьъна хаа болчу лаамо са дагадора.

Хьалха-МартантIехь дIадахна Бетельгериев Хьусайнан бералла. Иллица а, нохчийн къоман мукъамашца а гергарло долуш хилла Хьусайнан дай.  Наггахь, сагатделча, пIелг тосуш, дечиг-пондар  хилла  кхерчахь. Хьусайнан йоккхах йолу йиша Тамара а хилла эшарш локхуш. ХIинца а, хIайкал санна, ларъеш лелош ю БетельгериевгIеран доьзалехь, Тамарас лекхна эшарш тIехь йолу, йоккха Iаьржа пластинка. Цигара хила там бу Хьусайнан жимачохь дуьйна мукъамашца гергарло тасадаларан орамаш. Шен  дуьххьарлера илли Хьусайна яздина Хьалха-МартантIерчу №7 йолчу школин ворхIалгIачу классан дешархо волуш.

ХХ-чу бIешеран кхузткъе уьтталгIачу шерийн юьххьехь Хьалха-МартантIехь юккъера школа чекхйоккхий, лакхарчу дешаран кхерча Алма-Ата деша воьду Бетельгериев Хьусайн Казахстанерчу университетехь йолчу филологин факультете, кхечу къаьмнийн меттанаш Iамо дагахь. Хьусайна Iамо билгалбаьккхина кхо мотт бара. Немцойн, французийн, латин меттанаш кхиамца карадерзадо цо. Бакъду, мукъамашца долу гергарло дIа ца тосу кIанта. Цул сов, студентийн шерашкахь Iамабо Бетельгериев Хьусайна гитара.

Институт кхиамца чекхъяьккхина цIавирзинчу цо болх бо Нохч-ГIалгIайн университетехь, французийн меттан кафедрехь доцент волуш. Цул тIаьхьа кхечу къаьмнийн меттанийн кафедрин куьйгаллехь болх бо. Цхьана ханна деканан даржехь а. Амма мел доккхачу дарже ша кхачарх иллица долу гергарло дIа ца тосу цо. Хьусайнан коьрта самукъа а хуьлий дIахIутту цуьнан мукъамашца йолу уьйр-марзо. Ткъа ладогIархоша, цуьнан дуьххьарлера илли юкъадаьлчахьана, даима сатуьйсу Хьусайнан керлачу иллешка.

Баккхийчеран иллеш даьхна  Iаш вац иза. Школехь доьшуш волуш дуьйна байташ язъеш хилла волчу Хьусайна 1980-чу шарахь зорбане йоккху шен дуьххьарлера книга. Цу тIехь берашна лерина байташ ю оьрсийн маттахь язйина. Берийн дуьхьа къахьоьгуш къаьсттина самукъадолу цуьнан. Вайн махкарчу шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь хаддаза зорбане юьйлуш ю Хьусайна берашна язйина байташ а, ноташ а. Бераша а, баккхийчара а хазахетарца олу Бетельгериев Хьусайна даьккхина, масала, «Хеда, Меда…» , «Нана, вигахьа со хьаьжкIашна асара» цIе йолу иллеш, иштта дуккха а кхидерш.

Дукхах долу кхоллараллин адамаш санна, сакарзахе стаг ву Бетельгериев Хьусайн. Иза даима лехамашкахь ву. Яьхначу лакхенех тоам беш вац. Билгалдаккха луур дара нохчийн дуьххьарлера романс язйинарг а иза хилар. Нохчийн мукъамашца гергарло мел долчеран а уггаре дукха деза илли хилла дIахIоьттина и романс. Къегинчу васташца, говза сурт хIоттош яздина а, дIаолуш а ду и илли. ХIора  дош сих кхеташ, нохчийн чам бетталуш, башха дустаршца догъоьцуш ду иза. Илли, дукхадезаш, довзахь а, цхьаболчарна, романс аьлча, и илли дага ца дан а там бу. Бисултанов Аптин байташ тIехь даьккхина «Ас хьан чIабанах гIайгIа юцур ю» цIе йолу илли ду иза.

Ши бIе гергга илли ду Бетельгериев Хьусайнан репертуарехь. Нийса хир дацара уьш дерриге а цо ша яздина ду аьлча. Кхечу къаьмнийн меттанаш ша хууш хиларе терра, Хьусайна нохчийн матте даьхна дIаолуш ду Джо Дассенан, Сальвадор Адамон иллеш. КIезиг дац илланчин репертуарехь нохчийн тоьллачу поэтийн  дешнаш тIехь  даьхна иллеш а. Бакъду, дешнаш хьаъа яздинехь а, Бетельгериев Хьусайна ша мукъаме дерзийна дIаолуш долу илли цуьнан экамечу синан дакъа хуьлий дIахIутту.

Лакхахь  билгал ма-даккхара, иза хьехархо ву, могIарера хьехархо хилла Iаш вац. Бетельгериев Хьусайн педагогин Iилманийн кандидат ву. 2004-чу шарахь Бетельгериев Хьусайн шина шарна Франце стажировке вахара. Дуьненна евза Сорбонна яра вайн илланчас кхиамца яьккхина толаман кхин цхьаъ ирхе. Бакъду, цигахь а нохчийн къоман иллешца европейхойн  дог хьаста ларийра Хьусайн. Парижерчу радиос дуьненна дIахазийтира вайн махкахочун авторски концерт. ЛадогIархоша хазахетарца ладуьйгIира цуьнга, къегинчу похIмех, говзаллин  таронех марзо оьцуш.

Кхоллараллин некъа юьххьехь Бетельгериев Хьусайна шен иллеш ша олуш  хиллехь, тахана уьш кхечу иллиалархоша а, вокальни тобанаша а олуш ду. Хьусайнан мукъамаш халкъо а, махко а дезаш тIеэцна хиларна къеггина тоьшалла ду иза.

ГАЗИЕВА Аза

 № 61, еара, 4 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: