Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима, Россин Федерацин Ӏилманан а, лаккхарчу дешаран а министран заместитела Омельчук Андрейс, Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министра Сулейманов Эльхана дакъа а лоцуш, Соьлжа-ГӀалахь схьайиллина Медицинин аккредитацин а, симуляцин а туш.

Нохчийн пачхьалкхан университетан оцу туьшахь аккредитацеш дӀаяхьаран 26 станци а, симуляцин Ӏамораш дӀадахьаран 16 дакъа а ду.
Цул сов, дешарна а, тесташна а лерина чоьнаш а ю.
Керлачу туьшахь медицинин говзаллаш Iамош болчу студенташна а, ткъа иштта, лоьрашна а, медицинин белхахошна а аккредитацеш а, Ӏамораш а дӀахьур ду.
Иштта, республикин а, федерацин а, дуьненан а тӀегӀанашкара форумаш дӀаяхьа аьттонаш болуш а ю иза.
– Медицинин аккредитацин а, симуляцин а туш хилар вайн республикина боккха юьхькIам бу. Вайна дика хууш а, гуш а ду бахархойн могашалла Iалашъяран а, цу тIехь оьшуш долу хьелаш кхолларан а республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана леррина терго еш хилар. ТIаьхьарчу масех шарахь тIеттIа кхуьуш йогIуш ю вайн медицина. Иттанаш больницаш, поликлиникаш, ФАП-ш йина, медицинин тоьллачу аппараташца, гIирсашца кхачойина, цуьнца цхьаьна кечбина дуккха а лоьраш. ХIинццалц кхечу регионашка дIасабаха безаш бара вайн лоьраш аккредитаци ян, ткъа хIинца, шайн цIахь аьтто бу церан. Цул сов, кхечу регионашкарчу лоьрашна аккредитаци ян а таро ю вайн, – элира Сулейманов Эльхана.
Билгалдаккха лаьа, Россехь а уггаре а яккхийчу туьшех цхьаъ ю Соьлжа-ГӀалахь ерг, шен техника бахьана долуш, оцу декъехь болх бечу федерацин туьшийн тӀегӀанехь ю иза.
ВЕГИЕВА Макка
№98, гIуран (декабрь) беттан 16-гIа де