Сулайма Пайхамар а, зингат а

Сулайма Пайхмар (Делера салам хуьлда цунна) дерриге а динатийн, сагалматтийн меттанаш хууш хилла. Дала иштта дика дина цо цкъа зингате хаьттина боху: «Цхьана шарахь мел хIума юу ахь», – аьлла. Вукхо жоп делла: «Суна цхьана шарна кIен цхьа буьртиг тоьа», – аьлла.

Сулайма ца тешна зингато шега аьллачух, аьлча а, шеко кхоллаелла-кх, кIен цхьа буьртиг цунна шарна тоьарг хиларх. ТIаккха, цо бохург бакъ ду-дац хьожуш, и зен, зингат цхьана шишанна чу кхоьссина цо, кIен буьртиг а тесна цу чу. Цхьа шо даьлча Сулайма хьаьжна зингат хIун деш ду. ДIахьаьжча кIен буьртигах ах бен биъна ца хилла. Цунах цецваьллачу Сулаймас зингате хаьттина:

– Вай, дийнан шарахь ах буьртиг бен ца бууш хьо муха Iийна, муха Iаделла?

– Хьалха, ахь со шишанна чу кхоссале, АллахIа сайн рицкъа, цхьацца бахьанашца схьалуш дара со. Болх Цунна тIе а биллина лелаш дара. Цундела шарахь цхьа буьртиг буура ас. Иза тоа а тоьара. Суна хаьара Дала суо дицдийр доций а, рицкъа доцуш дуьтур доций а. Ахь и декхар, и жоьпалла хьайна тIелецира, со шишана чу а кхоьссина. Лечкъа стенна до, хьо стаг бен ма вац, хьох тешна Iойла дацара сан. Ахь суо дицдарна кхоьрура. Цундела ах буьртиг биъна, сайна беззашехь важа ах ца бууш битира ас… Рицкъанаш АллахIан карахь ду, кхин цхьаьннан а карахь а дац, – элира зингато.

Вайна масална дина дара Сулайма Пайхамара и дерриге а.

Зорбане кечдинарг – С.ХАСАНОВ

№ 61, еара, 4 июнь, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: