Нохчийчоьнан Куьйгалхо губернаторийн-блогерийн рейтингехь тоьллачарах цхьаъ ву

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан 2020-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь дIаяьхьначу губернаторийн-блогерийн рейтингехь кхоалгIачу меттехь ву.

«Медиалогия» компанис дIабаьхьначу талламан жамIашкахула хIоттийна ю Россин уггаре а дукха хьахош болчу «Топ–20»-на юкъабогIуш болчу губернаторийн-блогерийн рейтинг.

Оцу рейтингехь хьалхарчу меттехь ву Москван мэр Собянин Сергей, шолгIачу меттехь ву Москван областан губернатор Воробьев Андрей.

Рейтинг хIоттийначара билгалдоккху Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Курчалой гIалара берийн ловзаран туьшан пенаш кечдарехь бечу балхана бехк баьккхина хилар а.

Marvel-ан персонажаш къоман турпалхошца хийцар тIедиллина хилар. Р.Кадыровс цу хьокъехь «ВКонтакте» йолчу шен агIонехь яздинера. Рейтинг хIоттийначарна чIогIа тайна иза.

Иштта, Кадыров Рамзана «ВКонтакте» йолчу шен агIонехь йовзийтина дуьненан боксан легендин Майк Тайсонан а, Рой Джонсонан а боксах латаро кхоьллина ойланаш.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дIахаийтина Тайсонан а, Джонсонан а реванш Соьлжа-ГIалахь дIаяхьийта ша кийча хилар.

Цул сов, Р.Кадыровс билгалдаьккхина «ВКонтакте» Россехь муьлхха а дин лело маьрша хилар. Иза а тайна рейтинг хIоттош болчарна санна, соцзIенех пайдаоьцуш болчарах дукхахболчарна а.

№98, гIуран (декабрь) беттан 16-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: