Къилбан тIеман округан пресс-службо хаамаш беш ма-хиллара, керлачу мобильни инженерни комплексах пайда а оьцуш, сапераша Нохчийчуьра юьртабахаман хьаштийн латта минех а, лелха тарлучу тIеман гIирсех а дIацIандина.

«И боккха а, мехала а болх 928 гектара тIехь дIабаьхьна сапераша. Билгалйина хилла план 151 процентана кхочуш а еш, минех латта цIандар чекхдаьккхира 2020-чу шеран хьаьттан (август) бутт юккъе боьдуш», – билгалдаьккхира Къилбан тIеман округан командующис, эскаран инарлас Дворников Александра.
Минаш дIаяхаран мобильни инженерни комплексана юкъахь еа кепара минашлохург, лелхаш йолчу хIуманийн модернизаци йина блокираторш, масех кепара лахаран-хьажаран комплекс ю.
Оцу тайпана йолу минаш лохург дуьххьара йовзийтира «Эскар – 2016» дуьненаюкъарчу тIеман-техникин форумехь.
Комплексан коьрта декхарш ду: меттиг, чоь, транспорт таллар; эккхарна кхераме йолу хIума карор; ткъа иштта иза кхерам боцуш яр, эккхийтар.
ХIинца, сапераша минех дIацIандинчу лаьтта тIехь аренийн белхаш дIабахьа аьтто бу Нохчийчоьнан ахархойн.
Хь.САИДОВ
№98, гIуран (декабрь) беттан 16-гIа де