С.Кравцовс дӀаяьхьначу видеоконференцехь дакъалецира И.Байсултановс а, И.Тааевс а

Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Байсултанов Идриса шен хьалхарчу заместительца Тааев Илесаца цхьаьна дакъалецира Россин Федерацин серлонан министра Кравцов Сергейс видеоконференцин рожехь дӀаяьхьначу кхеташонехь.

Кхеташонехь, иштта, дакъалоцуш яра Россин Федерацин Федеральни Гуламан Ӏилманан а, дешаран а, культурин а Комитетан председатель Гумерова Лилия, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин дешаран а, Ӏилманан а Комитетан председатель Никонов Вячеслав, иштта, Россин Федерацин субъектийн дешаран хьаьрмахь пачхьалкхан урхалла кхочушдаран Ӏедалан органийн куьйгалхой.

С.Кравцовс билгалдаьккхира кхеташонан коьрта къамел къоман «Дешар» проект кхочушъяран хьолах лаьцна хилар.

Хууш ма-хиллара, Россин Федерацин Президента В.В.Путина Федеральни Гуламе динчу костехь коьрта проект, цуьнан Ӏалашо ю «Россин Федераци дешаран дикалла тоьллачу 10 пачхьалкхан тIегIане кхачор».

Л.Гумеровас доклад йира шаьш кечдечу законийн хьокъехь. Уьш тIехьовсийна ду школашкарчу хьехархойн белхан алапаш лакхадахарна а, ткъа иштта, дешаран учрежденеш дистанционни дешаран кепе яхар тӀех чолхечу хьолехь бен магош цахилар чIагIдарна а законопроект кечъяр а.

Кхеташонан болх берзош, Кравцов Сергейс кхин цкъа а билгалдаьккхира, дешаран ламасталлин кеп дистанционни кепе яло гӀерта боху хабарш бух боцуш хилар.

Россин Федерацин серлонан министра дийцарехь, «Дешаран дистанционни кеп цкъа а кхочур яц ламасталлин дешаран кепе. Ламасталлин кеп коьрта ю дешаран хьаьрмахь!».

З.ХИЗИРОВА
№98, гIуран (декабрь) беттан 16-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: