Шайн метта даха дош дитина цара

Соьлжа-ГIаларчу «Журналистийн бешахь» вовшахкхеттачеран яххьаш а, бIаьргаш а санна кхоьлина деанера и де.

Шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхина журналисташ дагалаца баьхкинера Нохчийчоьнан шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахой, хаамийн а, зорбанан а министерствон куьйгалхой, говзанчаш.

Царна юкъахь вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча, хаамийн а, зорбанан а министр Дудаев Ахьмад, цуьнан хьалхара заместитель Абдулмуслимов Сайд-Селим.

Царах дIаийна, царах хьаьрчина лаьттара шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу журналистийн гергарнаш.

Уьш берриге а журналисташна хIоттийначу хIолламна тIе бахара.

ХIолламна хьалха зезагийн тускар диллира министра А.Дудаевс а, нохчийн журналистикин къаночо С.Дадаевс а.

Иштта, хIолламна хьалха зезагаш дехкира журналисташа а, шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу журналистийн гергарчара а.

Цул тIаьхьа доIа дира, кхелхинчарна гечдар Деле доьхуш. Юха, министра Дудаев Ахьмада къамел дира.

«Шайн метта даха дош а дитина, вайн халкъана уггаре а кхераме, хала киртиг тIехIоьттинчу хенахь, бакъдерг дIадовзуьйтуш, шайн корматаллин декхарш кхочушдеш кхелхина вайн журналисташ, белхан накъостий цкъа бицбийр бац вай. Уьш даима а вайн дагахь бу. Царах масал а оьцуш, бакъ дош халкъана, махкана, дуьненна дIадовзуьйтуш, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тIехь, болх бийр бу вай… Дала гечдойла царна. Дала Шен къинхетам бойла царах», – элира цо.

Шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу журналистийн гергарчеран цIарах журналисташна а, министерствон векалшна а даггара баркалла элира Хаджиев Тимура.

«Тхан дегнашна боккха хьаам бо аш хIора шарахь кхузахь вовшах а кхетий. Дела реза хуьлда шуна», – бохура цо.

Тезетахь хуьлучу догойланца меллаша шайншайн балха дIабахара кхузахь вовшахкхеттарш.

ДIасабахара шайна бевзаш, шайца уьйр йолуш, цхьаьна болх беш хилла журналисташ, церан амалш, белхан хьуьнар дага а лоьцуш. Иштта хир ду хIора шарахь.

Нохчийн халкъан а, мехкан а дуьхьа бечу балхахь шайн дахар дIаделла журналисташ цкъа а бицлур бац, бицбан йиш а яц.

Д.АНАДЕВ
№98, гIуран (декабрь) беттан 16-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: