Хонкарара нохчи – Болат-Ӏела

Газетдешархошна тахана вовзийта леринарг вайн къоман воӀ, Хонкаран махкахо Болат-Ӏела ву.

Цуьнан воьалгӀа да хилла Хьаьжин ЗагӀа – иза ву Хонкара хӀижрат динарг.

Тайпана дишни белахь а, схьабовлар Эвтарара хилла церан.

Статьян турпалхо дуьнен чу ваьлла 1947-чу шарахь Хонкарарчу КахӀраман-Мараш провинцерчу нохчийн Чардакх юьртахь.

Ӏелас юьхьанцара а, юккъера а школа Гоьксунехь (КахӀраман-Мараш провинци) чекхъяьккхина. Цул тІаьхьа дешна Гази Антаберчу (изза цӀе йолчу провинцин коьрта шахьар) хьехархойн школехь а.

Юьхьанцарчу ишколерчу берашна деа шарахь хьехна цо, тӀаккха, эскарера ваьллачул тІаьхьа, Арзурум (изза цӀе йолчу провинцин коьрта шахьар) шарахь сецна. Циггахь, лаккхарчу дешаран хьукмате дӀа а тасавелла, Ӏамийна хими а, физика а.

Институт чекх а яьккхина, юха а ишколе балха хӀоьттина, дешархошна хими а, физика а хьоьхуш.

ТӀаьхьуо, директоран гӀоьнчин а, директоран а даржашкахь белхаш бина. Ишколехь тӀаьххьара болх бар БахІчали Авларехь нисделла цуьнан, цул тӀаьхьа, берашна хьехаран декъехь белхаш баран 27 шо а дузуьйтий, пенсе а воьду иза.

Ша пенсе ваханчул тІаьхьа, гергара нах каро лууш, Даймахка вахара, Эвтарахь уьш (гергара нах) кара а бира.

Шен нахаца хӀинца а зӀе йолуш а, гергарло лелош а ву Ӏела.

Иштта, кхуззахь билгалдаккха догӀу, Ӏелас, Хонкарара нохчи ву аьлла, 2010-чу шарахь Соьлжа-ГӀалахь дӀабаьхьначу Нохчийн халкъан дерригдуьненан гуламехь а дакъалаьцна хилар.

Цул сов, нохчийн маттана леринчу гуламашкахь дакъалацар а нисделла цуьнан.

Карарчу хенахь шех «Кавказхойн а, нохчийн а юкъаралла» а олуш, амма шен кхоллаялар «Чардакхлилар» цӀарца а долуш хиллачу юкъараллин бухбиллархо ву Ӏела.

Статьян автора билгалдаккхарехь, жималлехь Чардакхна генахь хиларца (дешарца а, белхашца а доьзна) а доьзна, ненан меттан хаарш ледаро хилла цуьнан, амма, хан дӀаяларца а, воккха хиларца а, ша къа а хьоьгуш, шарбина цо ненан мотт а, цуьнца доьзна хаарш а.

Нохчийн маттахь яздарехь цхьацца кхачамбацарш делахь а, ешарца бакхий кхиамаш баьхьна Ӏелас. Цундела бо цо гочдаран белхаш а.

2007-чу шарахь Ӏелас туркойн матте гочйина Айдамиров Абузаран «Еха буьйсанаш» роман.

Цул тӀаьхьа яздо «Нохчийн хӀижрат – Османийн архивашкахь» жайна. Туркойн маттахь долу иза арадолу 2015-чу шарахь.

Кхин а 2 шо даьлча, туркошна «Чеченский Александр» а вовзуьйту Ӏелас.

2019-чу шарахь Айдамиров Абузаран трилогин «Дарц» дакъа доккху цо туркойн матте.

ХӀинца, тӀедогӀучу шарахь, Дала аьллехь, туркошна «Таймин Биболта» вовзийта а лерина ву Ӏела.

Карарчу хенахь Истамбулехь Ӏер-вахар долчу Ӏелин ши доьзалхо ву: 1 йоӀ а, 1 кӀант а.

Лараме тхан Іела, айхьа дагалаьцначу Іалашоне кхачавойла хьо Дала! Тхуна, диканца а дуккха а шерашкахь, могаш-маьрша а вахавойла хьо Цо!

М.АДАМ ЖАБРАИЛ
№98, гIуран (декабрь) беттан 16-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: