Канатан некъийн гӀирсийн завод хир ю Соьлжа-ГӀалахь

Республикин пачхьенерчу экономикин шатайпанчу «Грозный» зонехь ян лерина канатан некъийн гӀирсаш баран завод, инвестицеш 450 млн. соьман барамехь а йолуш. Оцу хьокъехь хаам бина ТАСС-н агентствос, «Нохчийн Республика кхиоран корпорацин» директорна Гагаева Селитина тӀе а тевжаш.

«Экономикин шатайпанчу «Грозный» зонехь инвестицийн проекташ кхочушъяран заявкаш кхуллуш а йолуш, коьртачу 4 резидентаца хилла барт бара. Амма, и коьрта резиденташ хилла ца Ӏаш, оханан (апрель) баттахь барт «Къоман канатан некъашца» а хилла. Цуьнца нийса а догӀуш, канатан некъийн гӀирсаш баран завод ян лерина вай долчохь. 450 млн. гергга сом инвестицин ахча а долуш йолу и проект кхочушъяро 130 гергга белхан меттиг хуьлуьйтур ю», – билгалдаьккхина Гагаева Селитас.

Иштта, цо дийцарехь, экономикин шатайпанчу «Грозный» зонехь 14 резидент а, 1 462 белхан меттиг а хир ю.

Оцу муьрана инвестицийн барам 14,17 млрд. сом а долуш, бюджеташка а, бюджетан йоцчу фондашка а кхочур йолу налогаш 11,98 млрд. соьман барамехь хир ю.

Цу тӀе, республикехь экономикин шатайпана «Грозный» зона кхолларх лаьцна дуьйцуш, Гагаева Селитас йовзийтина цуьнан башхаллаш а – денна а кхуьуш йогӀу транспортан инфраструктура а, экономика а, меттигерчу Ӏедало оьшшучу хӀуманна тӀехь гӀо-накъосталла дар, и.дӀ.кх.а.

И.ИСЛАМОВ
№98, гIуран (декабрь) беттан 16-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: