2020-чу шарахь дукхапетарийн 92 цӀенна капитальни ремонт йина. И белхаш дӀабахьар бахьана долуш, 9 670 вахархочун хӀусамашкара хьелаш тоделла.

Билггал аьлча, лакхахь билгалдаьхначу цӀеношкахь, коьртачу декъана, токан а, газан а, хин а системаш хийцина, иштта, тхевнаш а, арара пенаш а, баххаш а, лармаш а, лифташ а, лифтийн шахтанаш а цӀинъяран белхаш бина.
69 цӀийнехь хиш дӀасадигаран система тойина, 61 цӀийнехь довхачу а, шийлачу а хица кхачояран система тойина, 8 цӀийнан тхов тобина, ткъа 35 цӀийнехь йовхонца кхачояран система тойина.
Нохчийн Республикин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос билгалдоккху республикин капитальни ремонтан программа 30 шарна лерина хилар.
МУСЛИМОВ Абу
№98, гIуран (декабрь) беттан 16-гIа де