Соьлжа-ГӀалахь жигара дӀахьош бу керла микрорайон яран белхаш. Сайхановн урамехь еш йолу и комплекс инвестицийн чоьтах дечу 19 дукхагӀаьтнийн цӀийнах лаьтташ хир ю.

Дан леринчу 19 цӀийнах 8 цӀа хӀинцале дина даьлла, хӀора а 6 гӀат долуш а ду. Дина девлачу цӀеношкахь 640 петар ю.
Иштта, карарчу хенахь, деш кхин 3 цӀа а ду – шайх хӀора а 8 гӀат а долуш.
«Ерриге а комплекс йина маца ер ю ала хьалхе ду хӀинца а. Амма комплекс яран белхаш чекхбевлча, 2 эзар петар хир ю цигахь», – билгалдаьккхина Соьлжа-ГӀалин мэрехь.
Комплексана юххехь керла школа а, берийн беш а йина.
Махлелоран керла туш а йийр ю цигахь.
КАНТАЕВ Абу
№98, гIуран (декабрь) беттан 16-гIа де