«Хьекъале» лорургаш

– Электроэнергин дараш цахилийтаран, иза кхооран, цуьнан хьесапдаран интеллектуальни система дIахIотторан программа кхочуш а еш, Гуьмсе гIалахь дуккха а гIуллакхаш ду электрически сеташна реконструкци яран а, керла электросеташ яхкаран а декъехь кхочушдеш, – элира Гуьмсан кIоштан администрацин куьйгалхочо Закриев Сахьаба.

Цо дийцарехь, гIалахь керла 2 300 бIогIам боьгIна 0,4 кв йолу электросерий тасарна лерина, кхин а 300 бIогIам боьгIна 6–10 кв лаккхара вольт йолу электросерий тасарна лерина.

«Керла тесначу серийн юкъара йохалла 107 километр хир ю. Цул сов, гIалахь кхин а 17 трансформаторийн подстанци йийр ю, 4 трансформатор дIахIоттор ю бахархошна деллачу лаьттан керлачу дакъошна юххехь. Иштта, дукхапетарш йолчу цIеношкахь дIахIиттор бу электроэнергин хьесапдаран гIирсаш», – тIетуьйхира кIоштан администрацин куьйгалхочо.

С.Закриевс аьлла ма-хиллара, бахархоша пайдаоьцучу электроэнергин хьесапаш дар нийса хилийтаран Iалашонца Гуьмсе гIаларчу нехан доларчу цIеношкахь дIахIиттор ю «хьекъале» лорургаш (счетчикаш). Уьш 12 эзар хIотто билгалдеш ду.

№98, гIуран (декабрь) беттан 16-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: