Х-Б.Дааев: Нохчийн Республикин культурин дахар классикин музыка йоцуш хуьлийла дац

Классикин музыка оьшуш хилар гойтуш мах хадийна Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис хьастагӀа, Соьлжа-ГӀаларчу, Д.Омаевн цӀарахчу Даздарийн цӀийнехь «Ерригроссин а, дуьненаюкъарчу а конкурсийн лауреатийн концертийн цикл» аьллачу федеральни проектан гурашкахь хиллачу классикин музыкин концертан хьокъехь кхоллаелла хилла шен ойла йовзуьйтуш.

Классикин музыкин гӀараевлла йолу говзарш кхочушйира кхузаманан тоьллачу музыканташа, дуьненаюкъарчу П.И.Чайковскийн цӀарахчу конкурсан лауреаташа Маслеев Дмитрийс, Рамм Александра, Россин Федерацин халкъан артист Хлебников Валерий дирижер волчу Ӏ.Шахбулатовн цӀарахчу нохчийн пачхьалкхан филармонин симфонин оркестран гӀоьнца.

Дуьненахь а цӀарна цӀе яхана болчу классикин музыкин композиторийн Паганини Никколон, Чайковский Пётран, Рахманин Сергейн симфонин музыкин говзарш кхочушйира цара.

Хьалха а, хIинца вайн заманхойн а безам-ларам ца бовш, даима а шен ладогӀархой болуш ю классикин музыка. Зала чохь хилла болчу ладогӀархойн цхьа а шеко ца йисира цунах.

Классикин музыка бӀешерех чекхъяьлча а кӀордош йоцу, ширлуш йоцу хазна ю.

Нохчийн Республикин культурин министерствон куьйгаллин сацамца, Нохчийн Республикин культура кхиош къахьегарна а, «Ерригроссин а, дуьненаюкъарчу а конкурсийн лауреатийн концертийн цикл» аьлла, проект кхочушъеш классикин музыкин концерташ дӀахьош дакъалацарна а Баркалла элира «РОСКОНЦЕРТ» музыкин а, фестивалан а программийн федеральни дирекци» кхоллараллин программийн отделан хьаькамна Терзян Римина а, Москван пачхьалкхан академин филармонин солисташна Маслеев Дмитрийна а, Рамм Александрана а.

Концерт лаккхарчу тӀегӀанехь дӀаяхьарна Нохчийн Республикин культурин министран Дааев Хож-Баудин цӀарах артисташна баркалла элира министран заместитела Милькиев Рустама.

Нохчийн классикин музыкин дуьненахь дуьххьарлера хилам бара ишттачу барамехь концерт дӀаяьхьар.

Концерт Роспотребнадзоран бехкамаш ларбеш дӀахьош яра.

З.ХИЗИРОВА
Суьрта тӀехь: Д.Омаевн цӀарахчу Даздарийн цӀийнехь – классикин музыкин концерт
№98, гIуран (декабрь) беттан 16-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: