ГӀебартойн-Балкхаройн Республикин пачхьенехь Нальчикехь даздаран хьолехь дӀаерзийра къаьмнийн драмин театрийн дуьненаюкъара «Къилбера сцена – 100» фестиваль.
Цигахь дакъалоцуш хиллачу Х.Нурадиловн цӀарахчу Нохчийн къоман театро коьрта совгӀат даьккхина хиларан хьокъехь хаам бина театран пресс-службо.

Фестивалехь дакъалоцуш Нохчийчуьра а, Дагестанера а, Абхазера а, Къилба ХӀирийчуьра а, Къилбаседа ХӀирийчуьра а, Ставрополан махкара а, ГӀебартойн-Балкхаройчуьра а, Кхарачойн-Чергазийчуьра а къаьмнийн театрийн коллективаш яра.
ГӀуран (декабрь) беттан 6-чу дийнахь Нальчикерчу А.Щегенцуковн цӀарахчу пачхьалкхан драмин театрехь Х.Нурадиловн цӀарахчу Нохчийн къоман театран актерийн труппо «Лаьмнашка хьуна тӀаьхьа» спектакль гайтира.

Сценарин автор драматург Михайлов Олег ву, ткъа иза хӀоттийнарг театран режиссер а, директор а Ахмадова Хьава ю.
Спектакль Даймехкан Сийлахь-боккхачу Даймехкан тӀамехь толам баьккхина 75 шо кхачарна лерина ю.
«Къилбера сцена – 100» фестивалан коьрта совгӀат даьккхина Х.Нурадиловн цӀарахчу Нохчийн къоман театран «Лаьмнашка хьуна тӀаьхьа» спектакло, ткъа спектаклан коьртачу турпалхочунна Ахмадов Сулейманна «Тоьлла актер» совгӀат дина.
Театран директора Ахмадова Хьавас театран инстаграмерчу агӀонехь баркалла боху театран актерашна, Нохчийн Республикин хьакъболчу артисташна Алханов Шемална а, Халиков Ризванна а, актрисина Пицуева Мадинина а.
Къаьсттина баркалла боху спектакль шен похӀмица хазайинчу Россин Федерацин хьакъйолчу артисткина Кабо Ольгина.
Фестивалан гурашкахь Нальчикехь дӀаяьхьира «Къаьмнийн драмин театраш – тахана» аьлла йолу «горга стол». Федеральни «Россия» телеканалехь а хаам бира оцу хиламан хьокъехь.
Цигахь дакъалоцуш бара фестивалан жюрин декъашхой, культурин а, искусствон а гӀуллакххой, фестивалан лараме хьеший. Царна юкъахь яра Ахмадова Хьава а.
Нохчийн Республикин культурин министран хьалхарчу заместитела Кадырова Ӏайшата билгалдаьккхира: «Фестивалан коьрта ши совгӀат вайн ду. Баркалла, иштта, хаза кхаъ баккхарна а, вайн хьомечу театран кхиамех даккхийде аьтто хилийтарна а. Даггара декъалйо театран исбаьхьаллин куьйгалхо Ахмадова Хьава. Иза ца хиллехь иштта дика спектакль хӀоттийна а хир яцара. Иштта, театран берриге а актераш а декъалбо оцу кхиамца. Иштта похӀмечу, бертахьчу команди юкъахь со йолуш а хазахета!»
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Суьрта тӀехь: фестивалан дакъалацархой
№98, гIуран (декабрь) беттан 16-гIа де