Шо чекхдалале 6 ФАП йийр ю

Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министерствон пресс-службо хаам барехь, 2020 шо чекхдалале керла 6 ФАП схьайоьллур ю Нохчийчохь. Уьш хир ю Веданан, Грозненски, Шуьйтан, Шелковски кӀошташкахь.

Бахархойн медицинин хьашташ кхочушдаран Ӏалашонца ФАП-ш еш ю къоман «МогашаллаӀалашъяр» проект кхочушъяран гурашкахь регионан «Медицинин-санитарни хьалхара гӀодаран хьаьрма кхиор» проектан гӀоьнца.

Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министра Сулейманов Эльхана лерринчу тидамехь латтош бу ФАП-ш яран болх. Оцу меттигашка бӀаьргтухуш чекхваьлла иза.

Шуьйтан кӀоштарчу Лакха-Варандахь ечу ФАП-хь 500 вахархочун (царна юкъахь 200 бер а) медицинин хьашташ кхочушдалур ду. Оцу ФАП-хь Лакха-Варандарчу бахархойн медицинин хьашташ кхочушдина ца Ӏаш, цунна уллерчу Сюжи юьртан бахархойн хьашташ а кхочушдан йиш хир ю.

Карарчу хенахь Лакха-Варандахь вехаш 523 стаг а, Сюжехь а вехаш 320 стаг а ву.

Керла ши ФАП схьайоьллур ю Веданан кӀоштарчу СелманТевзанахь а, Хьаьжин-Эвлахь а. Оцу шина юьртахь Iаш а ву 500 гергга вахархо.

Шелковски кӀоштарчу ногӀийн Каршыга-Аул а, Сары-Су а ярташкахь Iаш а ву 1 600 вахархо. Иштта ФАП-ш оьшуш яра цигахь.

Грозненски кӀоштарчу Ӏумхи-КӀотарчу 200 сов вахархочун а кхул тӀаьхьа йиш ю шайн медицинин хьашташ керлачу ФАП-хь кхочушдан.

ФАП-ш йина ца Ӏаш, царна чу медицинин керла гӀирсаш оьцуш а, лоьрашна бегIийла хьелаш кхуллуш а белхаш бу дӀахьош.

Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министерствон Медико-санитарни хьалхара гӀо даран службин хьаьрма кхиоран а, медицинин профилактикин а отделан хьаькама Эстаев Ӏадиза дуьйцу: «Хьалха хиллачу ФАП-н гӀишлош ширъелла яра. Царна ремонташ ярал гIолехь дара керланаш яр. Къоман «МогашаллаӀалашъяр» проектан гурашкахь бахархой кӀезиг болчу ярташкахь керла ФАП-ш еш болх дӀабахьа аьтто хилла хиларна даккхийде. Стохка оцу проектан гурашкахь керла 5 ФАП а, 4 фельдшерийн пункт а схьаелла аьтто хилира республикин 4 кӀоштахь».

ФАП-шкара белхаш чекхбовлуш бу. Церан чоьнаш а, уьйтӀенаш а битаме ялош бу белхалой.

З.ЯХЪЯЕВА
Суьрта тӀехь: могашаллаӀалашъяран министерствон медико-санитарни хьалхара гӀо даран службин хьаьрма кхиоран а, медицинин профилактикин а отделан хьаькам Эстаев Ӏадиз
№98, гIуран (декабрь) беттан 16-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: