Россин Премьер-лигин кху шеран чемпионатан 17-гIа тур а ерзош, Соьлжа-ГIалара «Ахмат» Сочехь меттигерчу «Сочи» командица левзира.

Хьешийн тIелатаран шовкъ алсам а йолуш дIадоладелла хилла и цхьаьнакхетар уьш кхиаме кхачарца дерза тарлуш дара.
Делахь а, 17-чу минотехь майданахь хIоьттинчу суьрто карчийра и ойла. Б.Беришина дуьхьал шайн гIуданан майданахь «Сочин» защитник Мевля кIоршаме ловзарна коьртачу суьдахочо С.Лапочкина бакъо елира 11 метран билгалонера царна гIуданан тохар дан. Амма хIусамдайн командин кевнахочо С.Джанаевс юхатуьйхира кевне хьажийна тоьхна буьрка.
Хьаххийначуьра аьлча, Нохчийчуьрчу командин футболисташа цу тайппанчу исс тохарх кхоъ бен ца дерзийна гол тохарца.
Оцу хьоло дог дохийра вайн футболистийн. Доьхначу дагна туьха тасар санна хилира 31-чу минотехь «Сочис» вайн командин кевна чу буьрка тохар.
Хьалхарчу тайманна тIетоьхначу шина минотехь кхин цкъа а кхиаме кхечира меттигера футболисташ – 2:0.
ШолгIачу таймехь а кхин хийца ца делира майданара хьал. ХIуъа дича а иза хийца аьтто ца белира «Ахматан» коьртачу тренеран А.Талалаевн.
Кхул хьалхарчу матчашкахь хилла шовкъ а, сихалла а, тактикин говзалла а ца хаалора вайн футболисташкахь. Иштта, Сочехь ког тасабелла цIа еара Нохчийчуьра команда.
Цул хьалха хиллачу ялх матчехь эшна бацара вайн футболисташ. Цундела футболъезархойн гIеххьа дог-ойла йохийна уьш эшаро.
Делахь а, вай кхета деза футболах ловзаро дагахь доццу жамI дохьуш хиларх.
Хь.САЙДАЕВ
№98, гIуран (декабрь) беттан 16-гIа де