Хьамзата деши даьккхина

Смоленскехь дIаяьхьира паргIатчу кепара охьатохархлатарехула Россехь хьалхеяккхаран турнир.

Цигахь дакъалоцуш бара Россин субъекташкара тоьлла спортсменаш.

Вайн республикин цIарах оцу къийсадаларшкахь дакъалецира

«Ахмат» клуберчу спортсменаша. Кхаа дийнахь дIадаьхьира къийсадаларш.

Финалехь, 74 кг йозаллин категорехь, дашо мидал яьккхира Эльдаров Хьамзата.

Кестта хинйолчу Россин чемпионате ваха кечам беш ву Хьамзат карарчу хенахь.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА
№98, гIуран (декабрь) беттан 16-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: