Болх балучу бахархойн терахьийн хаарш кхолладалийтарна лерина долара терахьийн сертификаташ даларан пачхьалкхан система кхочушъяран декъера оператор ю ГГНТУ – М.Д.Миллионщиковн цӀарахлера Соьлжа-ГӀалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университет.
Лахьанан (ноябрь) беттан 6-25-чуй деношкахь дӀадаьхьна говзалла лакхаяккхаран 4 программехула ладогӀархой онлайн-Ӏамор:
• «Дешаран хьосташкахь терахьийн дизайн»;
• «Телекоммуникацешкахь – сеташца куьйгалла дар»;
• «Web-программировани»;
• «IT-структурин кхерамзалла».

Пачхьалкхо луш долу долара терахьийн сертификаташ – къоман «РФ-н терахьийн экономика» проектан юкъарчу федерацин «Россин Федерацин терахьийн экономикина – белхахой» проектан гурашкара дешаран доккха гӀуллакх ду, 2020-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 1-чохь дуьйна Россехь дӀахьош а долуш.
Цуьнан Ӏалашо – федерацин бюджетан чоьтах пайда а оьцуш, мехкан тоьллачу вузашкахь дӀахьочу говзаллаш лакхаяхаран курсашкахь Россин бахархоша терахьийн экономикина оьшшучу дакъошкара хаарш тӀедузар.

– Накъосталлин сетех пайда а оьцуш, проект кхочушъяран онлайн-форматашна оьшуш йолчу техникин гӀирсаш цӀинбина. Доларчу терахьийн сертификатийн декъера пачхьалкхан программа кхочушъярехь республикин цӀарах дакъалоцуш цхьа ГГНТУ бен яц. Университетан программийн ладогӀархой РФ-н 48 субъектера 400 сов стаг вара, – дийцира ИПИТ-н директора Алисултанова Эсмирас.
Къоман «РФ-н терахьийн экономика» проектан юкъарчу федерацин «Россин Федерацин терахьийн экономикина – белхахой» проектехь кхидӀа а жигара дакъалаца лерина ю ГГНТУ, 2024-гӀа шо кхачале Ӏаморан программаш тӀе а юзуш.