Грозненски кӀоштарчу Пролетарскехь, чохь Ӏен кхераме а, тиша а йолчу хӀусамашкахь хӀинццалц Ӏер-дахар хиллачу 32 доьзална, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тӀедилларца, керла хӀусамаш йина.

Керлачу, битамечу хӀусамех лаьтта куп схьайоьллучохь дакъалецира Нохчийн Республикин Премьер-министра Хучиев Муслима а, хьалхарчу вице-премьера Тумхаджиев Ӏийсас а, Грозненски кӀоштан префекта Абазов Рустама а.
Бахархошна йина керла хӀусамаш, доьзалшка хьажжина, 54м² тӀера 120м² тӀекхаччалц ю.
ХӀусамаш, Кадыров Рамзанан а, Россин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министран Файзуллин Ирекан а хиллачу бартаца нийса а догӀуш, федеральни бюджетан чоьтах йина, ткъа царна чу йийбар эцар а, чоьнаш кечъяр а Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу юкъараллин фондо тӀелаьцнера.
Цул сов, керлачу куьпана хица а, газаца а, токаца а кхачояр а, иштта, 1 км некъ биллар а лакхахь хьахийначу фондан чоьтах дӀадаьхьна.
Хьалхуо, 1 100 стагана лерина а долуш, Молочиев Хьаьжин цIарах рузбанан маьждиг а дайтира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу юкъараллин фондо – иза а, керла йина куп а вовшашца хотталуш ю.
Амма оцу тӀехь чекх ца бовлу юьртахь бина белхаш: берашна ловза а, бахархошна садаӀа а майданаш йина, иштта, кегийрхошна лерина футболан майда йина.
Меттигерчу почтина керла гӀишло йина, администрацин гӀишло тойина.
1 600 метр гергга аьчкан шиферах керташ а йина, юьртара 15 урам, жагӀа а бухкуш, битаме балийна, ткъа хин а, газан а, токан а сеташ цӀинйина.
Цу тӀе, 3 хӀусаман тхевнаш а хийцина, ткъа дукхапетарех лаьттачу шина цӀенна капитальни ремонт йина.
И.ИСЛАМОВ
№99, гIуран (декабрь) беттан 23-гIа де