В.В.Путин: «Кадыров Рамзан, республикин хьашташ лардина ца Iаш, ерриге а Россин хьашташ лардеш ву»

Россин Президента Путин Владимира хIорашеран йоккха пресс-конференци дIахьочу хенахь дIахьедира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикин хьашташ лардина ца Iаш, ткъа иштта, ерриге а Россин хьашташ лардеш хилар. Иштта дIахьедар цо дира Нохчийчуьрчу «Вайнах» телерадиокомпанин журналиста шега динчу хаттарна жоп луш.

Ткъа и хаттар республикин Куьйгалхочунна, цуьнан доьзална, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондана, «Ахмат» футболан клубана, цхьамогIа яккхийчу предприятешна дуьхьал йинчу санкцийн хьокъехь дара.

«Кадыровна дуьхьал бен юкъайохуш яц тайп-тайпана санкцеш а, истореш а? Суна хетарехь-м ерриге Россина дуьхьал а юкъайохуш ю уьш. Ткъа Ахьмад-Хьаьжин Рамзан Нохчийчоьнан а, нохчийн халкъан а хьашташ лардина Iаш вац, берриге а мехкан хьашташ лардеш ву. Нохчийн Республикин Куьйгалхо дозанал арахьарчу вай шех оппоненташ олучеран Iалашонех цхьаъ ю. Кхузахь тамашийна хIумма а дац. Суна хаьа, Ахьмад-Хьаьжин Рамзан оцу хIуманашка, философски хьоьжу. Сан доттагIий, бIанакъостий, белхахой дегабаам беш хуьлу шайна дуьхьал цхьана а тайпа санкцеш юкъа ца ялийча. Цара олу: «И хIун ду? Иза-м кIезиг хетар ма ду, ойлане а воккхуш. Оха дан мукъане а хIун дина-те тхуна дуьхьал санкцеш юкъа ца яло?», – бохура пачхьалкхан Куьйгалхочо.

В.Путинна хетарехь, Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна а, цунна гонаха болчарна а дуьхьал санкцеш юкъаялорехь тамашийна а, цецдовла а хIума дац.

«Кхузахь кхераме цхьа а хIума а дац. Россин Федераци кхачаме ю, нохчийн халкъ а ду иштта. Нохчийн Республика сиха кхуьуш ю керла команда, Кадыров Рамзанан команда бахьанаш долуш. Суна вевза Кадыров Рамзан, дика а вевза. Цундела цунна дика мел дерг хила лаьа суна. Со тешна ву ерриге а республика хIинца Соьлжа-ГIала ма-хиллара хирг хилар», – дерзийра Россин Президента.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана даггара баркалла элира Россин Федерацин Президентана Путин Владимирна шен белхан оццул лакхара мах хадорна.

«…Ас, кIорда ца деш, юх-юха а боху со Путин Владимиран гIашсалти ву. Суна доккха дозалла а ду, сийлалла а ю пачхьалкхан а, политикин а воккхачу гIуллакххочун командехь а волуш, вайн Даймахкана гIуллакхдар. Сайн кийрахь детталуш дог мел ду ас мохк а ларбийр бу, республика а ларйийр ю», – яздина Р.Кадыровс.

Иштта, цо тидам тIебахийтира пачхьалкхан Куьйгалхочо, дукха хан йоццуш хиллачу езачу чевнашка хьаьжна ца Iаш, Нохчийн Республика сихачу боларшца кхуьуш хилар билгалдаьккхина хиларна.

«Тешна хиларца ала йиш ю сан: вайн и кхиамаш хир бацара Президента а, федеральни ерриге а центро а сацам боллуш вайн гIолоцуш ца хиллехь! Малхбузерчу мехкийн санкцийн хьокъехь дерг аьлча, Владимир Владимирович чIогIа бакълоь. Суна бен-башха ца хета уьш. Кхераме хьаха хир дара нагахь санна со оцу дозатохаран тептаршна тIехь вацахьара. США-н а, Европин а санкцеш Россин бакъболчу патриоташна бен еш ма яц. Иза лаккхара мах хадор ду», – чIагIдира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Д.ПАШАЕВ
№99, гIуран (декабрь) беттан 23-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: