COVID-19 инфекцина дуьхьал вакцинаци яр дӀахьош ду

Россин Федерацин могашаллаӀалашъяран министерствон Гамалеин цӀарах йолчу эпидемиологин а, микробиологин а Ӏилманан-талламан туьшахь кечйина «Спутник V» (Гам-Ковид-Вак) вакцинин шолгӀа парти Нохчийн Республике схьакхаьчна хиларан хьокъехь хаам бина республикин могашаллаӀалашъяран министерствон пресс-службо.

«Спутник V» вакцинин хьалхара парти (42 барам) хӀокху шеран гурахь схьакхаьчнера.

COVID-19 инфекцина дуьхьал вакцинаци яйтинчеран хьалхарчу могӀарехь бу Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министран заместительш: Исакова ПетӀамат, Дудаев Мурад, Гадаев Ӏалам, Эдилов Хьасан.

Церан массеран могашаллин хьал дика а ду, вирусана духьало ялур йолуш дика иммунитет а ю.

– Вакцинаци яйтинчу хьалхарчу дийнахь цхьа кӀеззиг дагар хааделира суна, делахь а, «парацетамол» молха мелча меттахӀоьттира дегӀан температура. И хилар доцург кхин цхьа а хало, ницкъ ца бира вакцино. Вакцинаци яйтина 21 де кхочуш, цуьнан шолгӀа компонент а туьйхира, тӀаккха цӀийца антителаш хилар таллийтира, уьш дуккха а кара а йира, – аьлла, дийцира Ӏ.Гадаевс.

«Гам-Ковид-Вак» вакцина шина компонентах лаьтташ ю. Хьалхара инъекци йина 21 де даьлча еш ю шолгӀаниг. ТӀаккха чӀагӀлуш ю инфекцина дуьхьало ян ницкъ кхочу иммунитет.

Вакцинин шолгӀачу партех 18 шарера 60 шарал лакхара хенаш йолчу 200 стагана ян лерина вакцинаци.

Цомгаш хиларна кхерам мелла а алссам болчу социальни тобанах бу, масала, лоьраш а, хьехархой а.

Вакцинаци йойтуш верг цкъа хьалха медицинин талламах чекхволу, терапевто магош делахь бен ца йойту вакцинаци.

Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министерствон коьртачу эпидемиолога Муртазалиева Асета дийцарехь, препаратаца аденовирусан вектор ю, цо SARS-CoV-2 вирусан ген белок клеткина тӀекхачайо.

Вирусца къийсам латто ницкъ болу иммунитет иштта чӀагӀлуш ю.

– Таханлерчу дийнахь вайн республикехь COVID-19 инфекцина дуьхьал вакцинаци яйтинарг 85 стаг ву. Шайна вакцинаци яйта лаам берш Соьлжа-ГӀалин №2 а, №7 а йолчу поликлиникашка гӀо. «Спутник V» вакцинаци яйтинчеран Россехь а хьалхарчу могӀарехь Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министр Сулейманов Эльхан хилар билгалдаккха а лаьа суна, – элира А.Муртазалиевас.

З.ХАНОВА
№99, гIуран (декабрь) беттан 23-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: