Цу хьокъехь тхоьга хаам бира республикин пачхьенехь ЕГЭ дIаяхьарехула координатор йолчу, Соьлжа-ГIалин мэрин дешаран департаментан школийн а, дешаран таллам баран а, цунна тIехь терго латторан а отделан коьртачу говзанчас Аббасова Маликас.
Карарчу хенахь Соьлжа-ГIалахь юкъарчу дешаран 53 школа ю (царна юкъахь цхьаъ – суьйренан а, цхьаъ – коррекционни а). Коррекционни йоцучохь, ерриге а школашкахь дIахьош ду ЕГЭ дIаялар. Кху шарахь Соьлжа-ГIалахь пачхьалкхан экзамен дIалуш 2284 дешархо ву. Царех 2073 кху шарахь школа чекхъяьккхина ву, висина 211 стаг – дIадаханчу шарахь. Цул сов, 394 «ЕГЭ-турист» а ву кху шарахь, цара Соьлжа-ГIалин №7 йолчу гимназехь дIалур ю экзамен («туристашна» лерина ЕГЭ дIаяларан пункт ю цигахь).
Пачхьалкхан экзамен дIаяларехь 2014–2015-чу дешаран шарахь хиллачу хийцамех дийцича, уггаре а коьрта хийцам лара мегар ду жамI даран сочинени (изложени) язъяр юкъадалор. Сочинени могашчу бераша язйо, ткъа могашаллин таронаш кIезиг йолчара – изложени. Сочинени (изложени) язъяр ЕГЭ дIаяла бакъо луш долу шатайпа «билет» ду. Иза язйича бен (муха язйина хьаьжжина) экзаменна тIевуьтуш вац дешархо. Сочинени язъяр вайн республикехь (ерриге а Россехь а санна) 2014-чу шеран 3-чу декабрехь а, 2015-чу шеран 4-чу февралехь а, 6-чу майхь а дIадаьхьира. Ишшта, математикехула экзамен дIаялар шина тIегIане декъна кху шарахь: базови а, корматаллин (профильный) а. Шайн лаамца шийа тIегIа я царех цхьаъ харжа таро ю дешархойн. Нагахь санна, лаккхарчу дешаран учреждени хьо деша хIуттучу факультетехь дIаялаза ца йолучу предметашна юкъахь математика яцахь, базови тIегIанехь ЕГЭ дIаелчхьана волу хьо. Бакъду, ахь хаьржина говзалла математикица йоьзна елахь, корматаллин тIегIанехь экзамен дIаяла дезар ду.
Кхин цхьа хийцам бу кхечу къаьмнийн меттанашкахула экзамен дIаяларехь къамел даран дакъа юкъадалор. Нагахь шен лаам белахь, йозанехь жоьпаш яздина а ца Iаш, барта жоьпаш дала (кхечу къаьмнийн меттанашкахь) а йиш ю дешархочун. Оцу хийцамех пайда хилар ду цо экзаменехь уггаре а лакхара балл (100) яккха таро луш хилар. Масала, кхечу къаьмнийн меттанийн экзаменехь йозанца жоьпаш яздича (уггаре а дукха а) хIоттош ерг 80 балл ю. Ткъа жоьпаш яздина ца Iаш, ахь оццу маттахь къамел а дахь, кхин 20 балл яккха тарло. Иштта, ЕГЭ дIаяларехь хиллачу кху шеран хийцамашна юкъахь ду июль баттахь экзаменаш цахилар а, дIадаханчу шерашкахь дешначарна кхечу дешархойл а хьалха (23-чу мартера 24-чу апреле кхаччалц) экзамен дIаяла бакъо ялар а.
Билгалбаьхначу хийцамашкахь, шеко йоцуш, дешархошна пайда бу. ХIунда аьлча, шена оьшур елахь, яцахь математика дIаяла гIерташ къахьега ца деза (хууш ду, иза халачу предметех цхьаъ хилар). Корматаллин тIегIанехь математика дIалуш мел лахара а 27 балл яккха еза, ткъа базови тIегIанехь лахара балл 3 бен яц.
ЕГЭ дIаяларан къепе йохорах аьлча, уггаре даьржинарг дешархоша телефонаш а, шпаргалкаш а чуяхьар ду. Цу тIехь леррина терго латтайо комиссис. Иштта, магош дац экзамен дIалучу хенахь ша Iачу меттера хьалагIатта, кхечу метте хаа, кхечу дешархошца къамелаш дан, вовшашка кехат я кхийолу хIума дIасакховдон. Цхьацца бахьана нисделла, дешархочун кабинета чуьра аравала дезнехь, уллехь стаг воцуш, экзамен дIаяларан пунктехула дIасалела мегаш дац. Цхьана а кепара электронни гIирс, тетрадь, книга я муьлхха кехат шеца чудахьа йиш яц (экзамене чувоьдучу хенахь). Билгалдаьккхинчарех муьлхха а цхьа хIума дина, къепе йохийна волу дешархо экзаменера аравоккху, тIедогIучу шарахь бен ЕГЭ дIаяла бакъо а хир йоцуш.
ЕГЭ вовшахтохархоша леррина терго латтайо экзаменаш дIаяхьарехь кхачамбацарш а, къепе йохор а ца хилийта гIерташ. Экзамен дIалучу хIора а пунктехь дIахIиттийна видеокамерш хуьлу, вайна ма-хаъара. Ткъа кху шарахь юкъаяьхнарш терахьийн ip-камерш ю. Цара къаьсттина дика сурт а гойту, дика схьа а хозуьйту. Онлайн-трансляци еш болх бо камерша. Москвахь ЕГЭ дIаяларна тIехь терго латторан коьртачу штабехь а гуш хуьлу вайн республикехь (иштта кхийолчу регионашкахь а) экзамен дIаялар муха дIахьо. Цул сов, ЕГЭ дIаяларан пункташкахь республикин Правительствон а, дешаран, Iилманан министерствон а векалш хуьлу (пачхьалкхан экзаменационни комисси хилла ца Iаш).
Кху шарахь 25-чу майхь дуьйна 26-чу июне кхаччалц ю ЕГЭ дIаяларан хан. Экзамен дIаяларан 10 меттиг (пункт) ю, кхин цхьаъ – «ЕГЭ-туристашна» лерина а. 25-чу майхь географин а, литературин а экзамен дIаелла дешархоша, 28-чу майхь – оьрсийн меттан. РогIехь ю математика, хими, и.дI.кх. ЕГЭ-н координатора Аббасова Маликас хаам ма-барра, хьалхара экзаменаш дIаялар, цхьа а кхачамбацарш доцуш, дика чекхдаьлла. Иза дIаяларна хьалхе дуьйна леррина бинчу кечамашка хьаьжча (Дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран нохчийн институто ЕГЭ вовшахтохархошца дIаяьхьна семинараш, «ЕГЭ-на сиха кечамбар» аьлла оьрсийн маттехула а, математикехула а дешархошца дIаяьхьна курсаш, дешархойн хаарш толлуш, царна диагностикин карташ хIиттор, иштта дуккха кхидерш а) экзаменаш дIаялар дика чекхдериг хиларх теша.
А.МУСАЕВА
Авторан сурт
№ 61, еара, 4 июнь, 2015 шо
