СоьлжагIалахошка хаттам бар ду дIахьош

Стомара, гIуран (декабрь) беттан 21-чу дийнахь кхеташо дIаяьхьира Соьлжа-ГIалин еа кIоштан а, гIаларчу цхьайолчу поселкийн а цIераш хийцаран, царна нохчийн халкъан турпалхойн цIераш тахкаран, ткъа иштта, хьалха хилла цIераш юхаерзоран хьокъехь пачхьенан бахархошка хаттам бар вовшахтохаран комиссин декъашхоша.

Кхеташо дIахьош вара Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад.

Цигахь дийцаре дира хаттам бар дIадахьаран хьокъехь долу гIуллакхаш.

М.Даудовс билгалдаьккхира Соьлжа-ГIаларчу кIоштийн цIераш хийцар, цхьайолчу поселкашна шайн хьалха хилла цIераш юхаерзор республикина мехала гIуллакх хилар.

Цо дийцарехь, и болх чекхбаьккхича, тIекхуьучу къоначу тIаьхьенна шайн халкъан турпалхой бевзар бу, уьш патриотизман ойланехь кхуьур бу, шайн истори а евзаш.

– Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дукхазза а билгалдаьккхина нохчийн халкъан сийлахь турпалхой дуккха а хилар, кегийрхоша царах масал эца дезаш хилар. Цундела вай берриге а ницкъаш тIехьовсо беза хаттам бар гIуллакхдеш долчу законодательствон берриге а лехамаш кхочушбарна, цхьана а тайпа талхор цахилийтарна. Ткъа хаттам бар хIокху шеран гIуран беттан 25-чу дийнахь чекхдаккха дезаш ду, – элира М.Даудовс.

Цо чIагIдина ма-хиллара, билгалдеш ду Ленински кIоштана Ахьмадан, Старопромысловски кIоштана Висаитовн, Заводски кIоштана Шайх Мансуран, Октябрьски кIоштана БойсгIаран цIераш тахка.

Гикало поселкана Элиханов Джамлайлин, Пригородни поселкана Несерхоев Изновран, Родина поселкана Исаев Хьусайнан, Мичурина поселкана Хаджимусаев Шайх Дауд-Хьаьжин, 3-й совхоз поселкана Арсанов Дени Шайхан, Соленая балка поселкана ДарбанХи, 30-й участок поселкана Суьйр-Корта, Иванов поселкана Дадин Айбикин цIе тилла.

Цул сов, хаттам дIахьош бу Бороновка а, Башировка а поселкаш цхьаьна а тухуш, цунна КишиевгIеран поселок цIе тилларехьа.

Хь.САИДОВ
№99, гIуран (декабрь) беттан 23-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: