Терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам латторах дийцира

Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь терроризман а, экстремизман а кхерамах лаьцна дуьйцуш «горга стол» хилира.

Цигахь дакъалоцуш вара НР-н дешаран а, Ӏилманан а министран заместитель А.Хареханов, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан философин а, политологин а, социологин а кафедрин доцент, профессор В.Гадаев, университетан Ӏилманан а, дуьненаюкъарчу а балхехула волу проректор Ш.Арсалиев, социальни психологин а, школал хьалхарчу дефектологин а кафедрин профессор, медицинин Ӏилманийн доктор К.Идрисов, социальни белхан теорин а, технологин а кафедрин профессор, социологин Ӏилманийн доктор Л.Курбанова, НР-хь адамийн бакъонашларъяран векалан аппаратан куьйгалхо Л.Цахигов, НР-н чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствон экстремизмана дуьхьалояран туьшан хьаькам Ӏ.Эльмурзаев, кегийрхойн «Ахмат» боламан куьйгалхо Ш.Азизов, философин Ӏилманийн доктор, доцент М.Бетильмирзаева.

Вайн заманахь маьрша дахар талхош, уггаре чӀогӀа кхераме ерг терроризм ю. Къоман кхерамазаллина а, юкъараллина а, хӀора адамна а кхерам бохьуш ю иза. Терроризман идеологи евзаш, цунна дуьхьало ян хаарш а, зеделларг а долуш хила везаш ву хӀора а.

Йийцаре ечу темин тайптайпанчу дакъошкахула докладаш йира «горгачу стоьлан» дакъалацархоша.

Терроризм а, экстремизм а кхоллаяларан некъех а, церан тӀеӀаткъаман йийсаре баха тарлучу кегийрхойн башхаллех а, бахьанех а лаьцна шаьш бина хиллачу талламийн хьокъехь болу хаамаш бовзийира докладчикаша.

Экстремизмаца а, терроризмаца а къийсам латторан эвсаралла лакхара хилийтархьама кхитӀе а дан дезачух шайна хеташ дерг довзийтира цара.

Кегийрхошна юкъахь дӀахьочу кхетош-кхиоран балха тӀехь керла некъаш, методикин керла гӀирсаш лаха дезаш хилар хьахийра.

Терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам латтор граждански юкъараллина тӀера пачхьалкхан структурийн биста кхаччалц йолчу ерриге а ведомствийн юкъара гӀуллакх а, декхар а ду.

Карарчу хенахь вайна гуш ду дукхахйолчу пачхьалкхашна терроризмера а, экстремизмера а кхерам хилар. Цунах бохам бала тарло муьлххачу а пачхьалкхана а, адамна а.

«Горга стол» чекхйолуш гулбеллачаьра кхайкхам бира шаьш дол-долчохь терроризмах а, экстремизмах а долуш долу зулам довзуьйтуш, кегийрхошна юкъахь болх дIабахьаран гӀуллакх малцадар доьхуш.

З.ЦОНТАРОЕВА
Суьрта тӀехь: «горгачу стоьлан» дакъалацархой
№99, гIуран (декабрь) беттан 23-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: