Цкъа Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен асхьабашка аьлла: «ХIинцца со волчохь Джабраил-малик (Делера салам хуьлда цунна) хилира. Цо элира: «ХIай Мухьаммад, бакъдерг дохьуш хьо ваийтинчу АллахIаца чIагIо ма йо ас иза иштта хилла хиларх! Цхьа стаг лома буьххьехь пхи бIе шарахь АллахIана Iамал еш ма Iийра. Лекха а, Сийлахь а волчу АллахIа тIаккха цунна лаьмнийн когашкахь шовда далийтира, наран (гранат) дитт кхиийтира. Наран дитта тIехь хIора дийнахь цхьацца нар кхуьйтура. Бода боьлча и Делан лай лома тIера охьавуссура. Ламаз а оьций, нар схьа а йоккхий, иза юура цо. Юха лома тIе хьалаволура. Цигахь Далла Iамал-Iибадат дора. Цкъа АллахIе иштта дехар деш доIа дира цо: «ХIай сан Эла! Сан Iожаллин сахьт тIекхаьчча, со сужудехь волуш эцийтахьа сан са. Ахь со юха денваллалц сан дакъа дахка ма далийталахь, сан докъана цхьана а тайпа зен ма хилийталахь», – аьлла.
АллахIа жоп делира цуьнан доIина. Цуьнан са ийцира иза сужуде ваханчохь. Къематан доккхачу дийнахь дерриге а халкъ маьхьшаран ара гулдинчу дийнахь Сийлахь-Воккхачу АллахIа хоттур ду цуьнга:

– ХIай сан лай! Сайн къинхетамца вахийта ас хьо ялсамане я хьан хьайн Iамалшца вахийта? – аьлла.
– ХIай сан Эла! Сайн Iамалшца вахийтахьа со ялсамане.
ТIаккха АллахIа шен маликашка эр ду: «Ас оцу лайх бина къинхетам а, цо йина Iамал а озийша (Мизан терзанан цхьана агIор АллахIан къинхетам а, вукха агIор оцу лайн Iамал а юьллуш)».
Оцу лайно пхи бIе шарахь йина Iамал АллахIа цуьнан цхьана бIаьргана деллачу бIаьрсинан меха бен хир яц.
Далла цунна деллачу кхечу ниIматашна, диканашна дуьхьал яла Iамал хир яц оцу лайн. ТIаккха АллахIа шен маликашка эр ду: «Жоьжахата чу кхосса и лай».
Лайно доьхур ду цуьнга: «Сан Эла! Хьайн къинхетамца вахийтахьа со ялсамане». АллахIа маликашка эр ду и лай Шена тIевалаве. ТIевалийча, цуьнга хоттур ду:
– ХIай сан лай! Хьо хьан кхоьллина?
– Эла, Ахь кхоьллина со.
– Иза хьан гIуллакхаш бахьанехь хилла я сан къинхетамца хилла?
– Хьан къинхетамца. – Пхеа бIе шарахь Iамал ян ницкъ хьан беллера хьуна?
– Ахь, сан Эла!
– ГIайри тIехь болчу ломара хьо охьа хьан воссийра? Дуьрачу хин меттана теза хи долу шовда хьан далийтира хьуна? ХIора дийнахь цхьацца нар хьан кхуьуьйтура хьуна? Наран дитто шарахь цкъа бен стом луш боццушехь? Ахь Соьга дийхира хьайн са хьуо сужуде вахча дIаэцийтар. Ас дира иза. И дерриге а хьуна делларг, хьуна динарг мила ву?
– Хьо ву, Эла!
– Хьуна и дерриге а Сайн къинхетамца делла дара ас. ХIинца Сайн къинхетамца Ас ялсамане а вохуьйту хьо…».
Мухьаммад Пайхамара (Делера саламмаршалла хуьлда цунна) Джабраил малика (Делера салам хуьлда цунна) шега дийцинарг шен асхьабашна дийцина уьш ийманехь чIагIбархьама а, Делан къинхетам доза доцуш хилар гайтархьама а, вайна Мухьаммадан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) умматан векалшна, масал хилийтархьама а.
Бусалба стаг ша ечу Iамалх Iехаваларх ларво оцу къамело. Цундела олуш ма-хилла вайн эвлаяаша а Делан къинхетамца бен кхачалур вац ялсамане.
Ткъа вайн Iамалш, вайн Iибадаташ бахьанаш ду Дела резаваре кхачош долу. И бахьанаш АллахIан дуьхьа хила дезаш а ду. Цу хьокъехь хьехамаш бо вайна вайн Iеламнаха а, дешначу наха а.
Делахь-хIета, Делан дуьхьа Iамалш ярца (цIархазмана а доцуш) кхача хьовса деза вай Иза резахиларе.
Доккха ниIмат ду Дала вайна делларг. Ша хьехо мотт, Ша веза дегнаш, Ша вовза кхетам белла Цо, дуьйцург хаза лерса делла.
Кхин хIумма а ца дийцича а, вайх бусалбанаш дарца АллахIа вайх къинхетам барна дийнахь а, буьйсанна а Цунна хастамаш бохучуьра совца ца дезара вай, даима а «АлхьамдулиллахI» баха дезара.
Д.ХУСЕЙНОВ
№99, гIуран (декабрь) беттан 23-гIа де