Дукхахболчу Iеламнахана-мухьаддисашна (хьадисаш Iамош болчу) хетарехь табиIин ву Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) асхьабаш гинарг, нагахь санна цхьана хенахь цунна юххехь уьш хилла бацахь а.
Иза билггал иштта хилар тIечIагIдо ан-Нававис а, Ибн Салахьа а. Ткъа Абу Хьанифи Куфехь Iийна дуккха а асхьабаш гина, бевзина цаьрца къамелаш дина ву.

Делахь-хIета, иза табиIин ву. Уьш ган а, бовза а ирс ца хилла цуьнан нийсархойн-Iеламнехан: Шемахь ваьхначу Авзаин, Басрерчу Хьаммадайнин, Куферчу СаврIин, Мединатерчу Маликан, Мисарарчу Ляйс бин СаIадан.
Делахь-хIета, Абу Хьанифа табиIинех цхьаъ ву. Цунна гинчу Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дикачу асхьабех цхьаъ вара Анас бин Малик.
Мухьаммад Захьид Кавсарис шен «Танниб ульХатIиб» жайнахь хьахабо асхьаб Анас имам Абу Хьанифица цхьаьнакхетта хилар чIагIдеш болу Iеламнах. Царах ву Ибн СаIад, Дар уль-Къутни, Абу НуIайм, Ибну Iабдил Вар, Ибн Джавзи, дуккха а кхиберш.
Имама Абу Машар Iабдул Карима жуз яздина асхьабаша дуьйцура бохуш Абу Хьанифис дийцинчух лаьцна. Цу тIехь цо имаман дешнаш даладо: «Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вархI асхьаб гина суна. Царах ялх стаг ву, цхьа зуда а ю. Царна юкъахь ву: Анас бин Малик, IабдуллахI бин Джуз Аззабидий, Джабир бин IабдуллахI, Макал бин Ясир, Васил бин Аскъа, Iаиша бинт Iаджрад, IабдуллахI бин Iубай».
Иштта, Абу Хьанифина гинчу асхьабашна юкъахь ву Абу ТIуфайл Iамир бин Васил. ХIара харцдуьне асхьабашлахь тIаьххьара дитинарг ву иза. Иза кхелхина хIижрат динчул тIаьхьа 102 шо даьлча.
Имам Хьанифин мазхIабехь болчу Iеламнаха а бакъдо иза асхьабашца цхьаьнакхетта, уьш гина хилар. Делахь а, цо цаьргара хьадисаш дIаяздина аьлла ца хета царна.
Абу Хьанифин Iаламат дукха хьехархой хилла. Абу Хьафса цуьнан виъ эзар хьехархо хилла аьлла а хьахийна. Амма кхечу Iеламнахана хетарехь имаман хьехархойх виъ эзар Iеламстаг-м беккъа табиIинашна юкъара а хилла, кхиберш ца бийцича а. Дийнна жайнаш ду цуьнан хьехархойн-Iеламнехан цIераш дIаязйина. Царах ду «Джавбахьир ул-Мудийа» цIе ерг.
Имаман мутаIеламаш а хилла иштта дукха. Уьш а виъ эзар стаг хилла. Царах дукхахболчарах маьждигийн имамаш, яртийн къеданаш хилла.
Къаьсттина баккхий кхиамаш бахаре кхаьчна бусалба дин а, Iилма а Iаморехь цуьнан шовзткъа мутаIелам. ХIокху умматан цхьана а Iеламстагана тIаьхьабаьзна ца хилла цунна санна дукха бусалбанаш. Абу Хьанифа, бакъонца, имамийн имам а, умматан нур а лоруш ду.
Цо къаьсттина чIогIа къахьегна бусалбанашна юкъахь шариIат даржорехь, хьадисийн маьIнаш довзийтарехь, хьадисех бусалбанаш кхеторехь.
Имам Абу Хьанифас иджтихьад дора Сийлахьчу Къуръана тIерачу суратийн а, аятийн а, ткъа иштта Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисийн маьIнаш довзуьйтуш.
Иштта, табиIийн хенахь фетванаш арахоьцура, Къуръана тIерачу сураташна а, аяташна а, Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисашна а тIе а тийжаш.
Цкъа хьаьждан вахана хилла АIмаш. Адамаша цуьнга хаьттина хьаьждаран бехкамех, суннатех дерг. ТIаккха, цо цаьрга, Абу Хьанифе хатта аьлла, «Цига а гIой, хьаьждаран арканех дерг цуьнга хатта, цо дийцинарг дIаязде. Хьаьждаран фарзех а, суннатех а дерг цунначул дика хууш волу стаг ца вевза суна», – тIе а тухуш.
Оцу воккхачу Имаман баккхий мутаIеламаш хилла, тIаьхьа баккхий Iеламнах хилла болу. Цкъа цхьана хьенеха аьлла хилла: «Абу Хьанифа гIалатваьлла».
Иза чIогIа цадезаделла Вакъиана. Цо шога аьлла: «И бохуш берш бежанаш санна бу, бежанел оьшуш а бу!». Юха тIетоьхна: «Имам гIалат муха вер вара цунна юххехь имамаш-факихIаш (исламан бакъонийн говзанчаш) Абу Юсуф, Мухьаммад Зуфар хилча, Iеламнах-мухьаддисаш (Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннатийн, хьадисийн говзанчаш) хилча, цунна юххехь Iаьрбийн меттан а, гIиллакх-оьздангаллин а говзанчаш Фузайл, Давуду ТIаи, кхиберш хилча. Шена юххехь цу тайппана Iеламнах болу Iеламстаг гIалатволийла дац. Нагахь и гIалатваьлла хьал хилча а, иза цара оцу минотехь нисвийр ву».
Дуьххьара фикх хIоттийнарг (исламан бакъо) а, иза, дакъошка йоькъуш, дIанисйинарг а Абу Хьанифа ву. Цо ма-хIоттадарра таханлерчу дийне схьа а деана фикхан хьокъехь долу жайна.
Цул тIаьхьа, оццу декъехь къахьегна имам Малика а. Цо арахецна ду цIеяххана долу «МуваттаI» жайна.
Цул сов, Абу Хьанифа дуьххьара билгалдаьккхина, доьзалан да кхелхича, шерет деш, цуьнан тIаьхьенашна хьанна мел дакъа кхочу.
Кхин цхьа хIума а хьахо деза Дала дика динчу оцу стагах лаьцна вай дуьйцуш хилча.
Шен дахар Iилма Iаморна, жайнаш яздарна дIаделла волчу Абу Хьанифа дийнна мазхIаб юкъадаьккхина. Тахана а дуьненахь уггаре а даккхийчех ду цуьнан цIарах долу мазхIаб.
Оцу мазхIабехь болу нах Россин дукхахйолчу (бусалба нах бехачу) регионашкахь бехаш бу: Дагестанехь, ГIезалойчохь, Башкортостанехь, ГIебартойн-Балкхаройчохь, кхечанхьа.
И мазхIаб чIогIа даьржина ду Юккъерчу Азехь, Хонкарахь, ГIажарийчохь, кхечанхьа.
Iилма Iамо лууш шена тIевеанарг цхьа а юха ца тоьхна Абу Хьанифа, цо цхьаьнггара а, цкъа а ахча ца эцна (ша Iамош болчу мутаIеламашкара).
Дуьненан бахамна букътоьхна волчу цунна дезаш хилла адамашна юкъахь дика даржор, Далла гIуллакхдар… Иза цхьанна а хьасталуш ца хилла, АллахI воцчунна. Амма нахаца кIеда-мерза, гIиллакхе, собаре хилла Абу Хьанифа. Уьш нийсачу некъа тIе кхойкхуш бакъдуьнена дIа а вахана иза.
С.ХАМЗАТОВ
№99, гIуран (декабрь) беттан 23-гIа де