Умалт-Хьаьжин зерат

Умалт-Хьаьжа дуьнен чу ваьлла Нажи-Юьртан кIоштарчу Iалара юьртахь герггарчу хьесапехь 1840-чу шерашкахь. Цуьнан ден цIе Кела хилла, ненан цIе Реба хилла.

Умалт-Хьаьжин дай Iалара маца, муха баьхкина хаа аьтто ца белира тхан, аьлча а, и хууш волчунна тIе ца кхечира.

Зандакъара ГIеза-Хьаьжа кест-кеста хуьлуш хилла Iаларахь.

Кхузахь хьехамаш беш хилла цо, адамаш бусалба динан арканаш кхочушъяре кхойкхуш хилла.

ХIокху юьрта оьхучу хенахь вевзина цунна Умалт а. Цу хенахь жима хилла иза. Делахь а, билгал хилла бусалба дин дезарца, бусалба Iилма Iамо лууш хиларца, Къуръан дешар дукхадезаш хиларца.

КIант бусалба дин Iаморна тIегIерташ хилар, цуьнан ийман чIогIа хилар хааделлачу ГIеза-Хьаьжас сацам бина шена Дала делла дика цуьнга дIакховдо.

Умалта шена тIеэцна адамашна хьехамаш баран, уьш АллахIан нийсачу, цIеначу некъа тIекхайкхаран хала дукъ. Дозаллица, доккхачу жоьпаллица иза дIа а кхехьна цо.

Хан-зама яьлча, шегара эвлаяалла, Iилма хьеха бакъо Умалт-Хьаьжас Iаларойн-Эвларчу (Курчалойн кIошт) Абст-Хьаьже дIакховдийна. Ткъа цо, шен рогIехь, БIачи-Юьртарчу ИбрахIим-Хьаьже.

Умалт-Хьаьжин ялх доьзалхо хилла: пхи кIант (Iумар, Iела, Абубакар, ИбрахIим, Махьмуд), цхьа йоI. ЙоьIан цIе Рукъет хилла.

Умалт-Хьаьжин кIант Iумар цул хьалха кхелхина эрна арахь (Iаларна юххехь) дIаволлийтина цо шен кIант. Цуьнан дехарца Iумаран каша тIехь къуб йина, зерат дина. ТIаьхьа, оццу зерата чохь дIаверзаво Iаларара шайх а.

Умалт-Хьаьжа Макка хьаьждан а вахана цIавеача, цуьнан сий-ларам беш, наха цунах Мата-Шайх ала доладо. Цхьаболчара тахана а Мата-Шайх олий йоккху цуьнан цIе.

Iаларахь долу цуьнан зерат тодина, хаздина дIахIоттийна тIемаш чекхбевллачул тIаьхьа, гонаха хаза керт а йина.

Даима а йиллина ю зератан неI: Iаларара а, гонахарчу ярташкара адамаш догIу кхуза доIанаш дан, Деле Нохчийчоь а, нохчийн халкъ а деха, иштта, Нохчийчохь ийман а, беркат а хилийтар деха.

С.ХАСАНОВ
№99, гIуран (декабрь) беттан 23-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: