Вайн профсоюзийн болх – махкана а масал

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалахь хилира Къилбаседа Кавказан а, Къилбан а, Федеральни  округашкара дешаран белхахойн профсоюзан организацийн векалш. Верриге а 56 делегат вара Нохчийн Республикин Профсоюзан болх бовза а, талла а, кхузара зеделларг шайн-шайн регионашка дIадахьа а веана.  Хьешашна кечйина йоккха программа яра. Хьалхарчу дийнахь Соьлжа-ГIала гойтуш экскурси йира. Цул тIаьхьа Профсоюзан цIа гайтира, цигара хIора кабинет, музейни экспозици, гайтамаш.

Цул т1аьхьа  Профсоюзан актови залехь Нохчийн Республикин Профсоюзан республикин советан болх бовзийтира. Цуьнан коьрта Iалашо яра профсоюзан белхан хIора агIо йовзуьйтуш докладаш яр. Цхьаьнакхетар дIахьочу Нохчийчоьнан дешаран белхахойн  Профсоюзан председетала Герзелиев Хизира бовзийтира докладаш йийраш. Царна юкъахь бара Профсоюзан организацин, председателан заместительш М.Досиева, Т.Эльмурзаева,  иштта хаамийн отделан хьаькам М.Бахтарышев, бакъонаш ларъяран отделан хьаькам М.Исраилов.  Профсоюзни дешаран хьокъехь докладаш йира Р.Дидиевас, Л.Бачаевс.

Цу дийнахь Профсоюзан цIийнехь регионашна юкъара профсоюзни конференци хилира: Цигахь дийцира дешаран белхахойн Профсоюзана хьалха лаьттачу декхарех а, уьш кхочушдаран  некъех а лаьцна.

Нохчийн Республикин Профсоюзан болх бовзийтаран докладаш йиначарна юкъахь массарел а чулацаме хийтира председателан заместителан Эльмурзаева Тамарин доклад. Бинчу белхан жамIаш, терахьаш, масалш тIе тидам боьдуш дара.

«ТIаьхьарчу 5 шарахь оха президиуман 70 кхеташо вовшахтоьхна, 10 пленум йина, дешаран-методикин 6 конференци йина. Оцу балхана юкъаозийна 18 эзар стаг. Профсоюзан декъашхойн хьашташ кхочушдаран болх нисбеш дешаран профсоюзехь 4 координационни совет кхоьллина: школел хьалхарчу дешаран белхахойн а, кхит1е а долчу дешаран учрежденийн белхахойн а, корматаллин дешаран белхахойн а, иштта кхечу белхахойн (хьашташ кхочушдаран, г1оьналлин белхалой). ХIора шарахь Республикин дешаран белхахойн Профсоюзан совето тайп-тайпана декъехула республикин 15 конкурс а йо.

Нохчийн Республикера хIора хьехархо а ву профсоюзан декъашхо. Хьехархойн белхан, садаIаран, пенсин а гIуллакхаш къастош жигара дакъалоцу Профсоюзан республикин совето.

Хьешашна довза лиира ярташкахь долу хьал. Иштта уьш юьхьанцарчу организацешка кхача новкъабевлира. Цара шаьш ма-аллара, ярташкарчу профсоюзийн болх а, белхан хьелаш а республикин советехь  ма-хиллара, кхин эшна доцуш, дика  карийра.

Уьш цигара Соьлжа-Г1ала юхабирзича Нохчийн Республикин Профсоюзо зорбане яьхна книгаш йовзийтира М.Ю.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драматически театрехь. Царех цхьаъ хьехархошна – тIеман ветеранашна лерина яра, ткъа важа Нохчийн Республикин халкъан а, хьакъболу а хьехархой бовзуьйтуш яра.

Оццу дийнахь Профсоюзан цIийнехь пресс-конференци елира хьешаша. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Профсоюзан Советан председатель Солтагереев Хьусайн. Журналисташа хаттарш дира хьешашка, царна гинарг, хетарг довза лууш. Царах хIорамма  а лаккхара мах хадийра ярташкарчу профсоюзаша бичу белхан. Нохчийн Республикин Профсоюзан организацех Iама мегар ду Россера ерриге а регионаш, бохура цара. «Дикачу гIуллакхийн эстафета» акци еш хилар а чIогIа тайнера царна. «Дешаран белхахойн Профсоюз  алапин проблемаш къастийна яьлла, хIинца хьехархойн говзаллин тIегIа лакхадаккхарна тIехь къахьега дагахь ю», – хьехархойн цIарах хаза дош элира Хь.Солтагереевс»: «Нохчийн Республикин хьехархой низам лаккхара долуш хиларца доьзна ду Профсоюзан болх иштта дика нисбалар. ТIеман шерашкахь а, цул тIаьхьа а, луш алапа а доцуш къахьегна цара. Хьехархой – уьш уггаре а тешаме патриоташ бу» – элира цо.

Хууш ма-хиллара 2015-чу шарахь дешаран хьокъехь долу дукха законаш ду болх бан юкъадалош. ТIаккха кхин а дикачу агIор хийцамаш а балур бу хьехархойн балхах, алапех, садаIарх, пенсех дерг кхочушдарехь.

«Нохчийн Республикин дешаран профсоюзан декъашхойн боллу барт оьшу Россин хIора гIалин, юьртан профсоюзан организацина», – элира Ростов областан дешаран  белхахойн Профсоюзан организацин председатела Лалетин Игора.

 

Э.ШАЛИЕВА

№ 61, еара, 4 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: