Устрада-ГIалахь кхин а цхьа библиотека йина

Нохчийн Республикин Куьйгахочун Кадыров Рамзанан тIедилларца, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу юкъараллин фондан чоьтах, вайн махкахь дIахьош ду библиотекаш, культурин туьшаш яр а, оьшучохь библиотекашна капитальни ремонташ яр а.

Иштта рогIера керла библиотека схьайиллина Устрада-ГIалахь.

Даздаран хьолехь, иза схьайоьллучохь дакъалецира Устрада-ГIалин мэра Масаев Илеса, гIалин культурин а, дешаран а департаментийн векалша, ешархоша.

«ХIокху цхьана баттахь шолгIа библиотека ю цигахь схьайиллинарг. Цунна юххехь еш школа а ю. Бахархойн а, дешархойн а аьтто хир бу дерриге а хьелашца кхачо йинчу библиотеках пайдаэца. Устрада-ГIалин бахархойн цIарах а, сайн цIарах а даггара баркалла боху ас Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу юкъараллин фондан президентана Кадырова Айманина а, вайн мехкан Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а. Доккха беркат ду Iилма Iамо, довза аьттонаш кхоллар. Ткъа библиотеко йоккха меттиг дIалоцу керланиг довза луучун дахарехь», – яздина республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис инстаграмерчу шен агIонехь.

Билгалдаккха лаьа Устрада-ГIалахь ян йолийна кхин а цхьа библиотека хилар.

ВЕГИЕВА Макка
№99, гIуран (декабрь) беттан 23-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: