«Соьлжа-ГIалахь – гуьйре» конкурсан толамхой

Нохчийн Республикин А.Айдамировн цIарахчу къоман библиотекехь билгалбехира «Соьлжа-ГIалахь – гуьйре» республикин VIII-чу конкурсан толамхой.

ЦIеяхханчу суьрташдахархочунна, дукха хан йоццуш, кхелхинчу Царнаев Сайд-Хьусайнна лерина яра конкурс.

Жюрин декъашхой бара Сайд-Хьусайнан доттагIий, белханакъостий Садулаев Муса, Вахаев Казбек, Хасаев ВахIид, А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекин директор Исраилова Сацита.

Конкурсехь дакъалоцуш бара баккхийнаш а, кегийрхой а.

Лехамаш а бацара кхин хала, коьртаниг гуьйренан можа а, дашо а басаршка яханчу Соьлжа-ГIалин суьрташ дахар дара. Амма магош дацара суртана кхин сов хийцамаш бар а, басаршца къагош кечдар а, кхечу суртдаккхархочун сурт даийтар а.

Конкурсе даийтинчу 120 суьртах, уггаре а тоьлла 10 сурт дара толамхой билгалбохучу суьйренехь гайтаме дехкина.

Жюрин сацамца, хьалхара меттиг елира Нохчийн Республикин халкъан суртдиллархочунна Даудова Фатимина, шолгIа меттиг – Рашидова Раянина, кхоалгIа меттиг яьккхира Абубакарова Шемас.

Конкурсан леррина совгIат дира Макаев Iаьрбина.

Конкурсан толамхой декъал а беш, дакъалацархошна доккха баркалла а олуш, вистхилира жюрин декъашхо Хасаев ВахIид: «Соьлжа-ГIала чIогIа хаза ю, къаьсттина гуьйренан муьрехь. Можачу а, дашочу а басаршка даханчу Iаламо къагийначу гIалин юх-юха а суьрташ даха догдогIу. Сурт доккхучунна хаа деза, ша суртдиллархочунна шен белхашкахь санна, мел хьежарх кIордор доцуш, исбаьхьалла гайта. Ткъа и корматалла хьаьнг-хьангахь а хуьлуш яц».

ГЕРЗЕЛИЕВА Макка
№99, гIуран (декабрь) беттан 23-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: