Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон пресс-службо хаам барехь, хӀокху деношкахь жамӀаш дина республикин «Дешарехь – лидерш» аьллачу проектан коьртачу, схьакъасторан муьран.

Оцу муьрах чекхваьлларг 58 хьехархо ву.
«Дешарехь – лидерш» проект Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министран Байсултанов Идрисан дӀадолорца юкъаяьккхина ю.
Иза лерина ю дешаран дикаллин тӀегӀа лакхадоккхуш, оцу хьаьрмахь оьшуш болу къона говзанчаш, куьйгалхой кхиорна а, говза белхахой цатоаран проблема дӀаяккхарна а, дешарна тоьлла хьелаш кхолларна а.
Конкурс кхаа муьрехь дӀахьош ю: схьакъастор, коьрта, финалан.
Схьакъасторан (заявкаш схьаэцаран) мур 2020-чу шеран гӀуран (декабрь) беттан 1-ра де тӀекхаччалц хилира.
ШолгӀа, коьрта мур (конкурсийн тӀедахкарийн хьесапаш дар), оццу, беттан 14-гӀа де тӀекхочуш дӀабирзира (лакхахь ма-аллара, цигахь чекхваьлларг 58 хьехархо ву).
КхоалгӀа, финалан мур гӀуран беттан 31-гӀа де тӀекхаччалц дӀахьур бу.
Дешаран хьаьрма кхиорна лерина эссе язъяр хир ду оцу муьран коьрта тӀедиллар. Цул тӀаьхьа, интервью-къамел кечдан дезар ду.
Финалан муьрехь конкурсан хьалхарчу муьрийн зерех чекхбевллачу дакъалацархошца интервью дӀа а хьош, конкурсан жамӀаш дийр ду.
Конкурсехь дакъалаца бакъо ю 5 шарахь болх бина а, Нохчийн Республикехь бехаш а болчу, лаккхара дешар чекхдаьккхина болчу хьахархойн а, дешаран учрежденийн куьйгалхойн а (куьйгалхойн заместителийн) а.
Заявкаш электронни кепехь схьаоьцу хӀокху адресца: shkola.liderov@bk.ru.
Проектах болу кхитӀе а хаамаш Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон официальни mon95.ru сайта тӀехь карор бу.
З.ЦЕНТОРОЕВА
Суьрта тӀехь: Нохчийн Республикн дешаран а, Ӏилманан а министр Байсултанов Идрис
№99, гIуран (декабрь) беттан 23-гIа де