Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан пресс-службо хаам барехь, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан физикин-математикин факультетан хьехархоша хӀокху деношкахь дакъалецира онлайн-рожехь дӀаяьхьначу Ӏилманан-практикин «Cognitive-Social and Behavoiral Science» дуьненаюкъарчу конференцехь.

Конференцин гурашкахь авторийн коллективо довзийтира шаьш бинчу талламийн жамӀаш.
Ӏилманчийн болх лерина бу Россин а, Европин а ВУЗ-кахь IT-говзанчаш кечбарна дешаран программаш вовшахтохарна.
Талламаш 4 университетан хьехархоша цхьаьна бина: Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетерчу физикин-математикин факультетан декана Э.Джамбетовс, Нижневартовскан пачхьалкхан университетан хьехархоша Д.Петровс, М.Худжинас, Е.Буткос, Латвин Республикин Лиепайскин университетан хьехархочо, университетан дуьненаюкъарчу зӀенийн отделан хьаькама П.Моревс, Москван пачхьалкхан хьехархойн университетан Математикин а, информатикин а институтан директора С.Каракозовс.
Кхузаманан Ӏилма кхиоран боккха хилам бу IT-говзанчаш кхиорехь дешаран программаш вовшахтохаран гӀуллакхехь нохчийн Ӏилманчаша дакъалацар.
З.ХИЗИРОВА
№99, гIуран (декабрь) беттан 23-гIа де