Соьлжа-ГIалахь – «Толам баккхарна баркалла» дрифт-шоу

IMG_1306

Кху деношкахь Соьлжа-ГIалахь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь Толам баьккхина 70 шо кхачарна лерина Ерригроссин  гIодаран кегийрхойн патриотически автоспортан «Толам баккхарна баркалла» проектан декъехь мероприяти дIаяьхьира. «Нохчийчоьнан дог» маьждигна хьалха йолчу майданахь Россин тIеман-исторически юкъаралло Россин Федерацин культурин министерствон а, Россин кегийрхойн министерствон а гIоьнца вовшахтоьхна йолу дрифт-шоу хилира.

Россин Федерацин культурин министран заместитела Трубикова Кристинас дийцира проектан Iалашонех лаьцна.

– Россин кегийрхойн Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранашна, турпалхошна тIе тидам бахийтар ю тхан Iалашо. «Толам баккхарна баркалла» тур Ставрополехь, Ростовехь, Шахтехь, Краснодарехь дIаяьхьна. Тхо кхача дезаш йисина Россин кхин а 12 гIала ю. 11-чу июлехь Санкт-Петербургехь дIадерзор ду оха хIара мехала гIуллакх, – бохура цо.

«Раунд-Х» командин декъашхоша тайп-тайпана каскадерски хьуьнарш гайтира республикин бахархошна. И команда вовшахтоьхна ши шо ду, цуьнан декъашхойн Россин спортивни машенийн тоьлла болу пилоташ бу. Команда вовшахтоьхчахьана вайн мехкан гIаланашкахь тайп-тайпана мероприятеш дIаяьхьна цара.

Хьешашна юкъахь Соьлжа-ГIалахь хилаза берш а бара. Цара билгал ма-даккхара, Нохчийчоьнан коьрта шахьар Россин уггаре а хазачу гIаланех цхьаъ ю.

 

Р.АБДУЛМУСЛИМОВ

Авторан сурт

№ 61, еара, 4 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: