Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Лараме махкахой! Ас даггара декъалдо шу Керлачу 2021-чу шарца! Вай иза тIеоьцу яккхийчу Iалашонашца, хиндерг сирла хирг хиларе болчу сатийсамашца, керла толамаш а, кхиамаш а хирг хиларх кIорггера тешна хиларца.

Чекхдаьллачу шаро дукха зераш деара вайна, дахаран дерриге а дакъойн чIагIалла зийра.

Делахь а, вай хьакъ ма-дду чекхдевлира оцу зерех, вайн ницкъ кхечира коронавирусан пандемин зен дуккха а лахдан.

Сихонца дина гIуллакхаш бахьанехь, медучрежденешна шен хеннахь транспортаца, молха-маханца, маьнганашца, ИВЛ-ца, кислородан аппараташца, ша-шен ларваран гIирсашца кхачояр бахьанехь, вайн аьтто белира хьал вочу агIор дIадахарх хьалхадовла, коронавирусан ун чолхе даларх эзарнаш дахарш кIелхьарадаха.

Къаьсттина баркалла ала лаьа хIокху чолхечу муьрехь шаьш бакъболу турпалхой санна гайтина болчу лоьрашна. Цара дийнахь а, буьйсанна а дIадаьхьира, хIинца а дIахьош а ду цомгашчеран хьола тIехь тидам латтор, шайгара доккха собар, доьналла, шайн корматаллина тешаме хилар гайтар. Везачу АллахIа Iалашдойла шу!

Иштта, пандемин муьрехь вайн ницкъ кхечира республикерчу экономикин а, къинхетам баран а хьола тIехь терго латто. Оцу декъехь къаьсттина гIолецира Россин Турпалхочун Кадыров АхьмадХьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондо.

Еккъа цхьана оцу фондан чоьтах таронаш ледара йолчу 53 эзар сов доьзална гIоьнна 780 миллион сов сом ахча а, 2 миллион сов кхачанан сурсатийн тIоьрмиг а белира. Ас аьлла а ма-хиллара, вайн республикера цхьа а хьашто ерг ца висира медицинин а, кхачанан сурсатийн а гIо доцуш.

Цул сов, вай кхочушбина социальни берриге а тIелацамаш. Пачхьалкхера гIо кхаьчна республикерчу 20 000 доьзална, 500 000 берана, ткъа иштта, жимачу а, юккъерчу а совдегараллин бархI эзар субъектана. Медицинин белхахошна кхитIе а ахчанаш делла. 1 000 сов предприятина налогаш лахйина.

Цу тIе, вай данне а лах ца дина къоман проекташ кхочушъяран боларш. Кхиамца дIахьош бу бахархойн Iер-дахаран хьелаш тодаран болх. Дика а, сиха а дIайохуш ю гражданийн хIусамашца йоьзна проблемаш.

Чекхдаьллачу шарахь Грозненски кIоштарчу Пролетарски юьртахь вай дийнна куп йина, 32 цIа а деш. Иштта, 10 цIа дира Шелковски кIоштахь. Шайна чохь 264 петар а йолуш, дукхагIаьтнийн исс цIа схьадиллина Курчалойн кIоштахь.

Токхамаш хуьлучу меттигехь Iаш хиллачу Бенарчу бахархошна керлачу 23 цIийнан догIанаш дIаделла. Устрада-ГIалахь, шайна чохь 105 петар а йолуш, пхиппа гIат долу кхо цIа а дина, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах 720 меттигана йолу дешаран туш а йина.

Иштта, Нохчийн Республикин тайп-тайпанчу маьIигашкахь шайн неIарш схьайиллина маьждигаша, школаша, школал хьалхарчу дешаран учрежденеша.

Пандемица йоьзна чолхаллаш хилла хиларе хьаьжна доцуш, дуьззина схьаэцча, чекхдаьлла шо беркате хилира вайн регионна. Иза Везачу АллахIа вайх бина боккха къинхетам бу.

2021-чу шарахь вай вайна хьалха кхин а яккхий Iалашонаш а хIиттайо, декхарш а хIиттадо. Тешна ву вай цаьрца ларориг хиларх. Вай дерриге а дийр ду республика кхин а дика яхийтархьама, цуьнан бахархойн хьал-бахам кхин а тобалийтархьама.

Ас даггара декъалдо шу Керлачу шарца! Даггара лаьа Нохчийн Республикин бахархойн, берриге а россихойн ирс, могашалла, зазадаккхар хуьлийла! Керлачу шарца!

№100, гIуран (декабрь) беттан 30-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: