Нохчийчоьнан коьрта базалг

Керлачу шеран Нохчийчоьнан коьрта базалг дIахIоттийна Соьлжа-ГIалин мэрин хьалхарчу А.Кадыровн цIарахчу майданахь.

40 метр лекха йолу исбаьхьа базалг хазйина 4 500 эзар тайнигца а, ловзоргаца, лоппагца а.

4 км деха бесбесара кочарш оьхкина цунна тIе.

Цул сов, гIалин урамаш а, цIенош а къагийна бес-бесарчу кочаршца.

Суьйре тIеярца, Соьлжа-ГIала, туьйранан гIала хуьлий, бIаьргхьостуш дIахIутту.

Керлачу шарца

КIайн Iа ду Даймехкан
Аренаш кхолуш,
Дайн оьгу полларчий –
Лайн чимаш ловзуш.
Де даздо вай, кIентий,
Керла шо кхочуш,
Йоьдучу, йогIучу
Хенан жамI лоруш.

Вайн дезчу дийнан той
Хаздан шу хьовса,
Сан хьоме махкахой,
Маршалла хоттуш,
Ас шуьга стих язйо.
Ешийта тховса,
Декъала хуьлда шу,
Керла шо гIоттуш!

Мерза ю безамца.
ДIаяхна зама, –
Барт хилар – беркатан
Закъалт ду вайна.
Нана-мохк хестабан
Массо а ханна.

Мамакаев Iаьрби

М.ВЕГИЕВА
№100, гIуран (декабрь) беттан 30-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: