Нохчийчоьнан автомобилийн-некъийн министерствос бинчу хаамца «Кхерамаза а, дика а автомобилийн некъаш» проектан гурашкахь 2021-чу шарахь, Соьлжа-ГӀалин Ленински кӀоштан Лермонтовн цIарахчу урамера (юкъара йохалла 2,8 километр ю) некъ кхоччуш тобаран белхаш бийр бу, некъийн министерствон белхахоша а, говзанчаша а.

Оцу урамехь ю: Медицинин сихачу гIоьнан станци, МегаФонан Нохчийн Республикехь йолу коьрта офис, иштта, гуманитарни техникум.
И бахьана долуш, дуккха а машенаш хуьлу хӀокху урамехь. Цундела, оцу объекташна тӀекхачарна бегӀийлаш хила еза.
Бакъо а йоцуш дIахIиттийна рекламийн конструкцеш а, махлелоран комплексаш а дIа а йохуш, церан метта, юкъарчу суьртаца догIуш долу гӀашлойн некъаш дохкур ду, некъан билгалонаш хӀиттор ю.
Цул сов, 2021-чу шарахь «Кхерамаза а, дика а автомобилийн некъаш» проектан гурашкахь, Соьлжа-ГIалара кхин а 43 урам тобийр бу, шайн юкъара йохалла 54,6 километр а йолуш.
А.КАНТАЕВ
№100, гIуран (декабрь) беттан 30-гIа де