Вайн республикехь хаалуш ду юкъарадешаран учрежденеш цатоар. Бахархой алсамбовларца доьзна ду иза.

Оцу бахьница «ХӀусам а, гӀаланашкара хьал а» программин «Стимул» подпрограмма проектан гурашкахь тӀедогӀучу шарахь Соьлжа-ГӀалин Октябрьски кӀоштахь йийр ю керла ши школа. Цхьаъ – 220 дешархочунна, ткъа шолгӀаниг – 720 дешархочунна лерина хир ю.
Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос еш дуккха а объекташ ю.
Нохчийн Республикин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министран заместитела Газалапов Ахьмада дийцарехь, церан могӀарехь ю ян лерина йолу керла школаш.
Дагадоуьйту Соьлжа-ГIалахь, Курчалойхь, Теркан кIоштарчу ЧIуьлга-Юьртахь, Шуьйтан кIоштарчу Бекум-Кхаьллахь кхочушъеш хиллачу «Стимул» программица дина гIуллакхаш, хенал хьалха, чекхдаьхна хилар.
Керлачу школашкахь кхузаманахьлерчу лехамашца догӀуш долу хьелаш кхуллур ду.
ХIора класс, предмете хьаьжжина, дешаран берриге а гIирсашца кхачойина хир ю, иштта хӀора школехь актови зал а, ешаран чоь а, библиотека а, кхачабааран чоь а, йоккха спортан зал а йийр ю.
ТӀедогӀучу 2021-чу шарахь йина яла езаш ю и ший а объект.
№100, гIуран (декабрь) беттан 30-гIа де