Дагестанерчу «Новый Хушет» куьпахь (ХӀинжа-ГӀала), цӀин а йина, схьайиллина Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах йолу юкъараллин беш.

И белхаш дӀабаьхьна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу регионан юкъараллин фондан чоьтах.
Юкъараллин майда даздарийн хьолехь схьаелларехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гӀоьнчас – Хаамийн а, зорбанан а министра Дудаев Ахьмада, Дагестанан пачхьалкхан секретара Абакаров Хизрис, Нохчийн Республикин Парламентан вице-спикера Жамалдаев Шаида, динан а, юкъараллин а векалша, меттигерчу бахархоша.
ЦӀинйинчу юкъараллин майданахь шина бӀаьвнах лаьтташ комплекс ю – цхьанна тӀехь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сурт а долуш, ткъа шолгӀачунна тӀехь Дагестанерчу цӀеяхханчу Ӏеламстеган, РД-н муфти лаьттинчу Абубакаров Сайд-Мохьмадан сурт а долуш.
Ший а бӀов вовшашца «тӀайца» хоттаелла ю, Нохчийчоьнан а, Дагестанан а халкъийн барт хилар билгал а доккхуш.
И.ИСЛАМОВ
№100, гIуран (декабрь) беттан 30-гIа де