ГӀуран (декабрь) беттан 18-чу дийнахь А.Айдамировн цӀарахчу республикин Къоман библиотекехь Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институто дӀадаьхьира «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш» гулар йовзийтар.

Цхьаьнакхетар дIахьош волчу Нохчийн меттан а, историн а институтан директора Умхаев Хьамзата бовзийтира лараме хьеший.
Царна юкъахь вара Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министр Байсултанов Идрис, Нохчийн Республикин Iилманийн академин вицепрезидент Дадашев Райком, Нохчийн Республикин халкъан яздархо Исмаилов Абу, филологин Iилманийн доктор, профессор Халидов Муса, филологин Iилманийн кандидат Вагапов Iаьрби, Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн кафедрин заведующи Ирезиев Сайд-Хьамзат, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула волу хьехамча Ельсаев Iаламахьад, Нохчийн Республикин хьакъболу журналисташ Кагерманов Докка, Дадаев Сайд-Хьасан, Юнусов Хьамзат, иштта кхиберш.
Умхаев Хьамзата билгалдаьккхира «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш» гулар вовшахтохар а, иза зорбане яккхар а Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран Байсултанов Идрисан хьуьнар а, хьикмат а хиларан кхиам хилар.
Хууш ду Хасин Идрис нохчийн мотт безаш, цуьнан хиндолчух доглозуш хилар.
Шен кьамелехь цо, иштта, билгалдаьккхира юьйцуш йолу гулар а, цул сов, зорбане кечъеш йолу нохчийн меттан нийсайаздаран йоккха дошам а хила езий хууш а, оцу гIуллакхна само еш Мехкада хилар боккха къинхетам хилар.
Нохчийн мотт а, дешар а кхуьийла лууш, деригенна бала а, куьг а кхочуш ву вайн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Массара а цхьабосса билгалдоккхура, тахана зорбане яьлла гулар хьалх-хьалха дIабаханчу нохчийн меттан Iилманчийн боккха сатийсам хилла хилар.
«Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш» гулар вовшахтохаран балха тIехь доккха дукъ тIелаьцна, къаьсттина чӀогӀа къахьегначарах цхьаъ ву филологин Iилманийн доктор, профессор Овхадов Муса.
Байсултанов Идриса а тидам тIебахийтира гулар язъеш, Iилманчаша бинарг боккха болх хиларна: «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш» гулар, оьшуш хилахь, 3 шо даьлча кхин а тIеюза аьтто болуш ю. Замано гойтур ду иза. Ткъа коьртаниг нохчийн мотт кхиорехь йоккха хьашто йолу гулар язъяр тӀаьхьа ца тоьттуш, билгалйинчу хенахь зорбане яккхар ду».
Оцу мехалчу, мелечу гIуллакхехь дакъалаьцначарна баркалла элира министра.
Цхьаьнакхетар хаздира нохчийн гIиллакхех, Даймахках лаьцна иллеш дIааьллачу Нохчийн Республикин халкъан артисташа Димаев Iелас а, Исмаилов Шарпудис а.
З.Эльдерханова
№100, гIуран (декабрь) беттан 30-гIа де