Иштта цIе яра кху деношкахь Айдамиров Абузаран цIарахчу Нохчийн Республикин къоман библиотекехь дIаяьхьначу семинаран. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан, юкъараллин организацешца зIенаш латторан департаменто а, Нохчийн Республикин Iилманийн академис а.
Цигахь дакъалоцуш бара: Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча, Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Юкъараллин советан председатель Алиев Тимур, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан, юкъараллин организацешца зIенаш латторан департаментан директор Дадаев Ризван, Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент Гапуров ШахIрудди, республикин вузийн хьехархой, республикин политологаш, журналисташ.
Шен къамелехь Гапуров ШахIруддис билгалдаьккхира, Нохчийн Республикехь санна, хIора регионера Iеламнах цхьабарт болуш хилча бен, вахабизм а, терроризм а эшалург цахилар. «Церан цхьабарт хилар бахьана долуш дIаяьлла Нохчийчохь хилла йолу терроризман агресси.
Тахана, Нохчийн Республиках Россин исламан туш хилла. Вайн республикехь деш ду маьждигаш, хьафизийн школаш, хьуьжарш. Иза иштта доллушехь, дуккха а кегийрхой муьлш бу а ца хуучу, хьуьнхахь лелаш болчу нахах хIунда теша ца хаьа», – бохура цо.
Алиев Тимура ма-аллара, цхьабарт хилла, Россин Федерацин мостагIашна дуьхьало ян лууш делахь, вайна хаа еза вайн чIогIа а, ледара а йолу агIонаш. Кавказехь синтем хилахь, Росси кхин а онда, ницкъ болуш хир ю.
З.САГАЕВА
Авторан сурт
№ 61, еара, 4 июнь, 2015 шо