«Россин Почта» федеральни почтин зIенан Нохчийн Республикехь йолчу урхаллина юкъа 8 почтамт йогIу. Уьш республикин кIошташкахь болх беш ю.
Урхаллин директора Мовлаев Асхьаба дийцарехь, цара бахархойн 80 сов хьашт кхочушдо. Царна юкъахь ду почтин, финансийн, хаамийн, коммуникацийн, кхидерш.
Урхаллин почтамташна юкъахь болх дика, говза дIахIоттийна хиларца билгалъевллачарах цхьаъ ю Шуьйтан кIоштара почтамт.
Цу юкъайогIу почтан зIенан 10 отделени. Цигахь болх беш 26 белхахо ву. Царна 2018-чу шарахь дуьйна хаарца куьйгалла деш ву Шуьйтан почтамтан хьаькам Автаев Сайд-Эми.

– Тхан бертахьчу коллективо дерриге а до бахархойн а, ткъа иштта, пачхьалкхан учрежденийн а, юкъараллин организацийн а, боламийн а хьашташ дуьззина а, сиха а, дика а кхочушдархьама. Ткъа кхочушдан дезарш кIезиг хьашташ а дац. Масала, оха денна дIасадохьуьйту кехаташ, корреспонденцеш, бандеролаш, посылкаш, ахчанаш. Цу юкъахь ду «Форсаж» кепара ахчанаш сиха дIасадахьийтар а…, – бохура С-Э.Автаевс.
Цул сов, кIоштан почтан зIенашкахь бахархоша шайн коммунальни хьашташ кхочушдарх луш долу ахчанаш схьаоьцу, дIахьо муьран зорбанан изданешка бахархой язбар а, газеташ, журналаш, кхийолу корреспонденцеш бахархошка дIакхачор а.
Бахархошка дIакхачош долчу журналашна а, газеташна а юкъахь Нохчийчохь а, Россин пачхьенехь а арахоьцуш йолу зорбанан изданеш ю.
Кхузахь къаьсттина тидам тIебохуьйту вайн республикехь арадовлуш долчу газеташний, журналашний бахархой язбарна, уьш шен-шен хенахь бахархошка дIакхачорна.
Иза чIагIдира почтамтан хьаькама а «ГIуллакхаллин Соьлжа-ГIала» журналан журналистаца хиллачу къамелехь.
Цуьнца цхьаьна почтан зIенан отделенеша бахархошна открыткаш а, конверташ а, халкъан хьаштийн сурсаташ а духку. Бахархоша, хаза а хеташ, пайдаоьцу кхузахь кхочушдеш долчу дерриге а хьаштех. Уьш реза бу почтамто беш болчу балхана.
Цара баркаллаш боху оцу учрежденийн белхахошна шайца собаре, гIиллакхе, кIеда-мерза хиларна, шайн хьашташ дика кхочушдарна. Шен рогIехь почтамтан хьаькама Автаев Сайд-Эмис, Нохчийчоьнан почтан урхаллин директоран Мослаев Асхьабан гIоьнца, шен ницкъкхочург дерриге а до белхахошна болх бан бегIийла, аьхна хьелаш хилийтарехьа.
Массо а белхахочо шен балхахь пайдаоьцуш компьютерш ю. Оцу компьютершна чохь Iаламат дукха программаш ю. Иштта белхахойн аьтто бу интернет-зIенах пайдаэца а. Цо таро ло бахархойн хьашташ сиха а, дика а кхочушдан.
Хьаххийначуьра аьлча, Шуьйтан кIоштарчу почтан зIенан отделенешкахь болх беш берш, коьртачу декъана, къонанаш бу.
Царна бакъболу хьехамчаш хилла лаьтташ белхан алссам зеделларг долу белхахой а бу. Цара шайна зеделларг комаьрша дIало къоначарна.
Шайна хиъначух, Iеминчух тоам ца беш болх беш бу къонанаш. Цу тайппанчу къинхьегамо кхиаме, дика цIе яккхаре кхачайо ерриге а коллектив.
Наха баркалла а олуш беш боцург болх ма бац.
Хь.САИДОВ
№100, гIуран (декабрь) беттан 30-гIа де