Нохчийн дешархоша дакъалецира «Кхерамазаллин некъаш» онлайн-олимпиадехь

Лахьанан (ноябрь) беттан 30-чу дийнера гӀуран (декабрь) беттан 11-чу дийне кхаччалц дӀаяьхьначу Еригроссин «Кхерамазаллин некъаш» онлайн-олимпиадехь дакъалецира Нохчийн Республикин школийн дешархоша.

Дешаран Учи.ру платформехь дӀаяьхьначу олимпиадин коьрта Ӏалашо яра Нохчийн Республикин школашкарчу 1–4 классийн дешархойн некъашкахь ларъян еза кхерамазаллин бакъенаш йовзаран хаарш таллар.

Олимпиадин хьалхарчу дийнахь республикин школашкахь некъан кхерамазаллин бакъенаш йовзуьйтуш йиллина урок хилира.

Цигахь дакъалецира Пачхьалкхан автоинспекцин а, регионан СМИ-н а белхахоша.

Оцу дарсехь берашна гайтира некъан боламан кхерамазаллах лаьцна мультфильм а, ролик а.

Дешархошна хааза дерг тӀеӀамо а, Ӏемина даьлларг дагахь латто а дика гӀулч яра оцу тайпа пайдехь дарс вовшахтоьхна дӀадахьар.

Олимпиадин программа а, цигахь бераша кхочушдина хилла тӀедахкарш а берийн дог-ойла тIейоьдуш а, самукъане а, хаарш тӀедузуш а дара.

Ловзаран кепехь дӀахьочу дарсан эвсаралла лакхара хилар билгалдаьлла дукха хан ю.

Суьрта тӀехь: «Кхерамазаллин некъаш» олимпиадин дакъалацархой
№100, гIуран (декабрь) беттан 30-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: