Невран кӀоштан библиотекин белхахоша Неврерчу №3 йолчу школин «Литературин мохкбовзар» кружокан куьйгалхочуьнца З.Ибаковаца а, оццу школин лакхарчу классийн дешархошца а цхьаьна вевзаш волчу поэтан а, суртдаккхархочун а Сейлмуханов Мусан кхоллараллина лерина «Дешан а, къоламан а говзанча» аьлла суьйре дӀаяьхьира.

Библиотекин зала чохь «Поэт. Суьрташдахкархо. Мохкталлархо» аьлла, поэтан дахаран тайп-тайпанчу муьрех лаьцна дуьйцучу книгийн а, суьртийн а гайтам вовшахтоьхнера.
Сейлмуханов Муса Нохчийн Республикин халкъан яздархо ву.
Схьавалар Веданан кӀоштарчу Элистанжа юьртара делахь а, Ӏер-вахар Невран кӀоштахь нисделла цуьнан.
Мусас йоккха хазна юкъайиллина оцу кӀоштан культурин а, искусствон а дакъош кхиорна. Цо байташ язйо, иштта говза суьрташ а дохку, даха а доху.
Цуьнан кхолларалла баккхийчарна а, берашна а лерина ю. Иза «Уьдучу шерийн лорах» а, «Жима доттагӀ» а, «Иллешка дирзина дош» а байтийн гуларийн автор ву.
Оцу байтех дукхахъерш иллешка а йирзина. Къаьсттина, дукхадезаш ду поэтан «Безаман дитташ» аьллачу дешнаш тӀехь даьккхина илли.
Дешархоша поэтан говзарех тоьлла ерш дӀайийшира оцу суьйренехь.
Библиотекин директора Лабазанова Маринас а, хьехархочо Ибакова Зояс а дийцира поэтах лаьцна. Ешархойн хаттаршна жоьпаш луш, Мусас дагалецира шен дахаран некъаш а, кхоллараллин кхиамаш а.
Шена вайн кегийрхой шайн къоман мотт, гӀиллакхаш девзашдезаш хьалакхуьуш хила лаарх лаьцна а элира цо. Муса кегийрхойн хьехамча ву.
Шен мехкан а, халкъан а бакъволу патриот волу Муса, карарчу хенахь, Невран кӀоштан Берийн-кхиазхойн туризман а, мохкбовзаран а туьшахь методистан декхарш кхочушдеш ву.
Берашна дагахь лаьттар йолуш чулацаме а, беркате а суьйре яра иза.
З.ХИЗИРОВА Суьрта тӀехь: Сейлмуханов Мусан кхоллараллин суьйренан дакъалацархой