Шахматийн турнираш кхиазхошна дукхаеза

Къоман «Дешар» проектан гурашкахь Шелан кӀоштарчу школийн 10–11-чуй классийн дешархошна юкъахь шахматийн турнираш дӀаяьхьира. Цунах лаьцна хаам бина Шелан кӀоштан Дешаран урхаллин куьйгалло шен Инстаграмерчу агӀонехь.

Хууш ма-хиллара, шахматийн ловзаро беран хьекъал кхиадо, цунна ойла ян Ӏамадо.

Шелан кӀоштахь шахматашкахула болчу хьехархойн тьюторан Х.Абазаеван дешнашца аьлча, дешархо кхиаме валош долу гIирс бу иза хастор.

Мел кӀезиг дерг а мехала ду берана гергахь. Масала, шена дина тӀедиллар беро сиха кхочушдинехь – иза билгалдаккхар дезаш хуьлу бер.

Шех кхетий, шеца бала буй хууш долу бер синтеме а, шен кхиаме дог тешаш а кхочу. Иштта, шахматех ловзуш эшар а ду толам санна мехала агӀо йолуш.

Оцу меттехь хьехархочо билгалдаккха догӀу беро шега далуш дерг дерриге а деш, къахьегна хилар. Беран къинхьегам хастор цуьнан дог-ойла кхиамашна гӀаттор ду.

Шахматийн клубаш Шелан кӀоштан дешаран 16 учрежденехь 2019-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь схьайиллина, республикин а, кӀошташна юкъарчу а турнирашкахь кхиамаш бохуш, дешархошна дукхаезаш ю.

Царах уггаре а жигара болх беш ерш Эвтарара №3 йолчу школин, №9 йолчу гимназин а, Сиржа-Эвларчу №10 йолчу интернатан а, Шела гӀалин №10 йочу школин а шахматийн клубаш ю.

Турниран жамӀашца билгалъевлира кхиаме кхаьчна командаш.

Турниран толамхо Сиржа-Эвларчу №9 йолчу гимназин команда ю, ткъа совгӀатхо-командаш Мескер-Эвларчу школин а, Жимачу-АтагӀарчу №10 йолчу интернатан а командаш ю.

З.ЯХЪЯЕВА
Суьрта тӀехь: Шелан кӀоштахь шахматийн турниран дакъалацархой
№100, гIуран (декабрь) беттан 30-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: