Толаме ца кхечира я хIусамдай а, я хьеший а

Россин Премьер-лигин 2020–2021-чуй шеран чемпионтан рогIерчу 19-чу турехь Нохчийчуьра «Ахмат» футболан команда шен цIахь, Соьлжа-ГIаларчу «Ахмат-Арена» стадионан майданахь, цхьаьнакхийтира Казанерчу «Рубин» командица.

Цул хьалхарчу турехь Сочерчу «Сочи» командин футболисташна эшнера вайн махкара футболисташ, матч чекхъяла масех минот йисинчу хенахь хьешаша мекарлонца тоьхна буьрка шайн кевна чу а яхийтина.

Цундела, хIокху цхьаьнакхетарехь «Ахматан» коьртачу тренера А.Талалаевс коьрта тидам тIебахийтинера дуьхьало яран тактикина, аьтто баьллачохь ира тIелатар а деш.

Тактикин и хатI ца хуьйцуш левзира вайн футболисташ. Иза данне а дацара церан ловзар беса дара, хьеший кхиаме кхача ца гIертара бохург.

Говзанчашна хууш ма-хиллара, «Рубинан» коьрта тренер В.Слуцкий шен футболисташ даима а толамна ир-карахIиттош ву. ХIокху цхьаьнакхетарехь а хилира иштта.

Вайн футболистийн тIелетарш юха а детташ, кхерам туьйсура цара хIусамдайн кевнна. Цундела чулацаме дара шина а агIорчу футболисташа гойтуш долу ловзар.

Делахь а, цаьрга хьовсуш болчу футболъезархойн оцу дийнахь аьтто ца белира кевна чу тоьхна буьрка ган.

Цхьаьнакхетар долалуш серлонан табло тIехь хилла терахьаш хийца ца луш чекхделира иза. Эрна хилира церан шайн команда толаре сатийсар, къаьсттина соьлжагIалахойн.

Билгалдаккха деза иза хIокху шеран тIаьххьарлера тур хилла хилар.

ХIокху шарахь кхин вовшашца ловзур яц Россин Премьер-лигера командаш.

ТкъолгIа тур 2021-чу шеран бекарг (март) баттахь бен хир яц.

Шен чоьтехь 26 очко а йолуш, турниран таблицехь 10-чу меттехь а йолуш садаIа яхан вайн «Ахмат» команда.

Хь.САЙДАЕВ
№100, гIуран (декабрь) беттан 30-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: